хьаькхна, забарш йитина, хьешашна тӏевирзира Муса.
– Шуна герггара ца вевза со, кӏентий, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Шуна гергахь со паччахьан инарла бен вац. Шун дикане даха дог а, шун вонах кхера меттиг а бац сан. Амма и ший а шуна дан ницкъ бу соьгахь. Сайдулла, йуха а моха тӏейогӏуш лаьтта хьуна. Собаре а хилий, ладогӏа соьга. Ас иштта хӏунда боху аьлча, суна шун къайленаш хаьа йерриш а.
– Сан къайлаха хӏумма а дац, Алхазан Муса, – са ца тохаделира Сайдуллега. – Со тӏемало ву, цундела ас лелориг дерриг а даррехь ду.
Жовхӏаршца пӏелгаш кхелина шен куьг хьалалецира Мусас:
– Амма со цкъа а мотт тухуш вац. Россехь суна ӏилма делла, амма дог ца хийцина. Шу санна, тӏемало а, ламанхо а ву со. Суна дика хаьа, шуьшиъ паччахьан ши эпсар велахь а, ашшимма, шайн ницкъ кхаьчча, Росси йоккхачу тоьпах оьккхуьйтур йарийла. Шуьшинна бӏаьрга бан ца беза оьрсий. Цул сов, суна шера хууш ду нохчий керлачу гӏаттамна кечлуш хилар.
– Кхузахь тхойша йуьстах ву, Муса. Цаьрца бозабелла цхьа хьаса а бац тхойшиннан. Доцург тӏекхолла ма гӏерта, – элира тапъаьлла ӏачу ӏелахас.
– Хаьа. Амма шуьшиъ цара йуьстахтесна. Уьш тешац шух. Царна диц ца делла масех шо хьалха шу оьрсашкахьа довлар, аш паччахьна доггах дина гӏуллакх. Хинболчу гӏаттамна коьртехь хир бац хьалхалера наибаш а, динадай а. Царах тешам байна халкъан. Цуьнан тхьамданаш кхин нах бу, цкъа а оьрсийн ӏедалций, шуьций машар хир боцуш. Амма зене хир йу оцу гӏаттаман тӏаьхье. Эзарза гӏовттарх, шун ницкъ кхочур бац шайн махкара оьрсий дӏабаха. Шелана уллохь хиллачу гӏуллакхо баьккхина хинболчу гӏаттаман корта.
Амма оцу гӏаттаман дог хӏинца а ӏалашделла, и нах ӏовдал нах бац. Царна хаьа, нохчашка шайн ницкъаца маршо йаккхалур йоцийла. Цара адам гӏазоте а ца кхойкху, керстанашна дуьхьал а ца доху. Уьш, мелхо а, керста халкъашца бертахь паччахьна дуьхьал гӏовттаре кхойкху. Цул сов, говрашна нуьйраш а техкина, уьш кийчча ӏа, Россин кхечу пачхьалкхашца тӏом ма-болабеллинехь, чухахка. Амма и царна беза тӏом хир бац герггарчу иттех шарахь. Цундела цигахула шайна маршо хиларе догдахар эрна ду нохчийн. Йуха а цӏий ӏенар ду, йуха а сийначу цӏарах йогур йу шун йарташ. Эххар а,