гӏуллакхийн министро ӏела-Пашас хаза кхоччуш ӏехийнера инарла Кундухов а, граф Игнатьев а.
Йуьхьанца цкъа оцу хьокъехь Михаил Николаевиче кехат йаздан ойла хилира Лорис-Меликовн. Тӏаккха, дика ойла а йина, ӏаддадитира цо иза. Воккхачу эло кехат бендоцуш дита а тарлора йа кху халчу новкъа дӏасадоьдуш хьедала а мегара иза. Ткъа гӏуллакх, дӏатетта йиш йоцуш, сиха дара. Цундела, дерриг гӏуллакхаш тесна а дитина, Тифлисе веара иза.
Даим санна, дуьххьарлера буьйса Баронски урамехь, шен ден цӏеношкахь, ваша волчохь йаьккхира цо сийсара. Мухха делахь а, кучере омра дира, гӏалин азиатски декъехула, базарийн майданашкахула хьовзий гӏо аьлла. Цара карлайоккхура цунна шен бералла.
Дуьхь-дуьхьал йерзош йиначу туьканийн шина могӏанах лаьттара эрмалойн базар. Массо туьканан ши цӏа дара. Дуьхьал цӏа чохь мах бора, ткъа вукху, тӏехьарчу чохь – баккхал. Йукъ-йукъа европейски стилехь дина цӏенош го. Амма цара и базаран гӏишлош чӏогӏа тарйо, шена тӏера тӏелхигйевлла бедарш дӏа а кхийсина, кхин керланаш эца ахча кхоош, тӏе цӏена йоманаш йетташ лелачу хьалдолчу бӏаьрмециг стагах. Базаран тӏехула агӏорчу декъа тӏехь стоьмийн туьканаш йу.
Цигара схьахеза бес-бесара маьхьарий:
– Ай яблук, ай виноград, ай виноград, ай персик!
– Па-па-па! Дашов аддам!
– Пожалуй, барин, ай киняз, издесь хароши!
Урамашкахь ловзу бераш. Буйнаш бетташ а, охьатохарех а. Тротуарашца го шашлык йотту пешмаш. Царна тӏера схьаоьхучу чомечу хьожано тӏеийзабо уллехула тӏехбуьйлурш.
Эрмалойн базархула чекхйаьлла, пайто Татарски майдана йелира. Кхузахь гӏажарийн базар йу. Майда готта, массо агӏор тӏекхозайелла цкъа а, шозза а, кхузза а тӏекӏелйина гӏишлош. Когаш кӏел йоцуш хӏума йац. Дахкаделла стоьмаш, тиша мачаш, тӏелхигаш, хатт, ӏаьмнаш. И майда сийсош адам. Царна тӏехула корта а айъина йогӏу киранах йоьттина ӏожа эмкал. Йуьхь лаьцна вогӏучу гӏажаричо охьаийзайо цуьнан мерах тесна чуха. Мара лазо эмкал, гӏийла узарш деш, месала корта а лестош, гора йоьжна, корта дӏаса а хьийзош, нох даха йуьйлира.
Эрмалойн базарна уллохула чекхволуш Лорис-Меликовна хьалха схьахӏоьттира азиатски дуьне.