Керлачу гӏаттамна коьрте а хӏоьттина, кхузахь вайн болчу ницкъашна дуьхьал шина шарал тӏех ша латталур ву боху стаг хьераваьлла хила веза. Ткъа инарла Кундухов хьекъал долуш стаг хилар вайна дика хаьа. Цул сов, цӏе йезаш волчу цунна дуккха а тоьлу, цхьакӏеззигчу ханна кхузарчу гӏаттаман баьчча хуьлучул, кхелхачу нахана коьртехь Турце вахар. Тӏехула тӏе, цхьа бутт хьалха цо областехь дӏакхайкхийна, ша доьзалца Турце кхелха, гӏуллакхера мукъа а ваьлла аьлла.
– Хьанна хаьа хиндерг, Михаил Тарелович. Хӏара гӏуллакх вайна цамоьттучу агӏор дерзахь а, дерригенна кийча хила-кх.
– Иза-м кхеташ деца. Суна дика ма бевза сайн нохчий. Хӏинца цаьрга хӏоьттинчу хьолехь кхин халкъ хилча, вай лелориг кхиамца чекхдериг хиларан шеко йацара. Амма ойланаш мох санна хийцалучу сонтачу нохчех цхьана минотана а тешийла йац. Шайн сал-пал йоьхкина, уьш новкъа бевлча, тӏаккха а тешар вацара со цара лелориг баккъал а хиларх. Къийвелла, Турцера йухавеанчу кхелхинчо, йа моллас, йа цхьана хабарчо йуьртахь аьлла дош тоьур ду уьш дохкобаха. Цундела, кху цхьана йуккъехь вай чӏогӏа лерг сема ладугӏуш хила деза церан эшаре, массо а минотехь церан муьлхха а дуьхьало кагйан. Эло Тумановс йаздо соьга, шенний, полковникан Муравьевнний агенташа нохчаша дӏа мел тосучу кога тӏехь тергам латтабо, цара дуьйцург а, дагахь дерг а сихха шайна тӏекхачадо бохуш.
– Ткъа эскарш тӏамна кечаме далоран гӏуллакх муха ду?
– Дика ду. Цуьнан Императорски Локхаллин а, хьан а пурбанца, цхьа гуттар цатерш доцурш, инженерин а, некъийн а белхаш цкъачунна совца а бина, ӏамо гулдо аьлла, бахьана а хӏоттийна, полкаш, батальонаш шайн штаб-квартирашка оьзна ас. Ткъа карабогӏучу беттан хьалхарчу деношкахь, ӏаморан кеп хӏоттош, ши отряд Нохчийчу лагершка хӏотто ойла а йу сан. Оцу кечамо ши гӏуллакх дийр ду вайна: шайн махках дог а диллийтина, уьш Турце кхалхарна тӏетоттур бу, йа, церан дагахь керла гӏаттам белахь, цунах шайн гӏуллакх хир доцийла а хоуьйтур ду.
– Шен хеннахь дина гӏуллакх ду иза, Михаил Тарелович. Цуьнан Императорски Локхаллина боккха кхаъ бу ахь беанарг.