Лорис-Меликовс дало бахьанаш кӏезиг маьӏне хетта Карцов, синтем байна кресло чохь дӏасахьийза наместник тергалвелла, къамелна йукъавуьйлира:
– Бехк ма биллалахь, Михаил Тарелович, хьуна дика хаьа вай Теркан областехь ваха охьахаийна бӏе эзар гӏалгӏазакхи хилар. Цул сов, цигахь йиллина лаьтташ йаккхий эскаран гарнизонаш йу. И тӏеман ницкъ кӏезиг а хетта, дукха хан йоццуш, тхоьга йехна, Кубански областера ши полк йалийна ахь цига. Хӏетте а ву хьо хьайн ницкъах ца тешаш? Суна хетарехь, оцу ахь буьйцучу уггар карзахечу нахах пхи эзар доьзал Нохчийчуьра дӏабаьккхича, цигахь биллина латтош болу боккха эскаран ницкъ мукъаболу вайн. Цул тоьлуш дац вайна, изза а дина, дозанера кордонаш чӏагӏйан Нохчийчуьра цхьа полк дозане а йахийтина, йисина полкаш ваьшна оьшшучу дӏайигча?
– Александр Петрович, сан чӏогӏа дехар ду хьоьга со дийца витар, – дехарца штабан начальнике хьаьжира Лорис-Меликов. – Тӏаккха эр ахь хьайн дош. Ас йуьйцург, Хьан Императорски Локхалла, цхьана а маьӏне йоцу машаре зама йу. Амма тӏеман заманахь кхузахь кхин сурт хӏутту. Шайн схьабовларца османски къомаца йукъара дерг кӏезиг долуш йа данне а дац ала мегачу курдойн даим туркошца мостагӏалла ду. Доцца аьлча, вайца нохчий санна бу туркошца и шайн курдой. Иштта туркойн правительствоца мостагӏалла ду Карски пашалыкан дозанашца дехачу каракалпак къоман а. Тӏаьххьара а, оцу цӏераш йаьхначу къаьмнел туркошна кӏезиг кхераме белахь а, амма туркойн правительствоца церачул тӏех мостагӏалла долуш бу лакхахь гайтинчу меттигашкахь беха эрмалой, несторианаш, Ванехьай, Мосулехьай беха айсораш. Таӏийна кхобу и керста халкъаш цабезаме хьуьйсу шайна тӏехь ӏазап латточу османски къоме. Цундела туркошца вайн цхьа ӏотта-баккхам иккхича, и къаьмнаш вайгахьа довлу. Иза ду оцу меттигашкахь лелхачу тӏемашкахь вайн кхиамаш хиларан коьртачу бахьанех цхьаъ. Масала, туркошца вайн тӏаьххьарчу тӏамехь курдойх ах вайн эскарийн магӏаршка хӏиттира, важа ах нейтральни севцира. Ткъа туркойн эрмалоший, гуьржаший вайн лаьцна гӏо шуна дика хаьа.
Карцов хӏинцца кхийтира Лорис-Меликов мича гӏерта. Леррина ладоьгӏура Михаил Николаевича а.