– Михаил Тарелович бакълоь, – къера хилира Карцов.
– Хӏета, хьомсара Михаил Тарелович, сан дехар ду хьоьга, и айхьа дийцинарг дерриг дӏайаздеш, сан цӏарах записка хӏоттор.
– Хьан Императорски Локхалла, иштта записка ас кийчча сайца схьайеана.
– Иза кхин а дика ду. Хӏинца цӏера ваьлча, со хьелур ву, Александр Петрович. Цундела сан дехар ду хьоьга, кхалхош болу нохчийн пхи эзар доьзал Азиатски Турцин вайн дозанца йолчу областашка дӏатарбича, вайна хиндолу зулам а гойтуш, уьш Диарбекирна а, Эрзерумна а малхбузехьа дӏатарбайта берриг ницкъ тӏе а бахийтий, туркойн правительствоца керла бартбар тӏедуьллуш, графе Игнатьевга кехат йаздар. Сихонца. Йуха а боху ас, вай цӏераш йаьхначу кхаа гӏалина малхбалехьа йолчу областашкахь цхьа а нохчо вита йиш йац. Кхин хеттарш дуй, Михаил Тарелович?
– Доцца, цхьа масех. Инарле Кундуховга хӏун ала ас, Хьан Императорски Локхалла?
– Гӏуллакх дӏадоло пурба ду шуна. Кхалхийнарш ахь бохучу меттиге Турцехь дӏатарбарна тӏекхочур вай. Мел гена далахь а, декабрехь Игнатьевгара жоп догӏур ду суна. Со тешна ву иза вайна товчу агӏор доьрзург хиларх. Туркошна чӏогӏа оьшу кхузара шайн динан вежарий.
– Ткъа инарлера Кундуховгара мохк, цӏенош эцарний, иза Турце дӏавахийтарний хӏун ала ас?
Михаил Николаевича сихха жоп делира:
– Иза жимма чолхе гӏуллакх ду. Хӏара мохк дика бевзаш, кхузахь дукхий, даккхий гергарлонаш долуш, лаьмнашкахь лоруш, тӏехула тӏе, вайн тӏеман система дика йевзаш, лаккхара тӏеман говзалла йолу хьуьнаре инарла вай гуттаренна а Турце дӏахецча, тӏаьхьа вайна ваьшна бале верий-те? Турцица вайн тӏом болабелча, мостагӏийн лагерехь вайна уггар кхераме стаг хир ву иза. Цкъа а тӏом ца хилча а, ша цигахь воллушехь Теркан крайхь синтем, машар хила буьтур бацара цо. Цундела суна бакъахьа хета, нохчий кхалхоран гӏуллакх, ницкъ кхочуш, Кундухов кхузахь а сацош, чекхдаккхар.
– Хьан Императорски Локхалла, Кундухов кхузахь сацийча, нохчий кхалхоран гӏуллакх галдолу вайн, – Михаилна улло а нислуш, цуьнца волавелира Лорис-Меликов. – Ас дехарш дина цуьнга, хьехар дала а гӏиртира, кхузахь висахьара хьо бохуш.