«…Оцу амалшца йукъараллин зӏенаш йоцчу нохчийн долахь массо тайпанчу зуламашний, мятежашний аьтто беш мохк бу. Йеххачу хенахь цаьрца тӏом бина, цаьргара схьабаьккхина дуккха а мохк, кху сохьта вайн политикин а, йа стратегин а ӏалашонашна цхьана а маьӏне боцу баьсса, берзина Соьлжан аьрру агӏонца болу мохк бу. Йуькъа хьаннаш а, ӏаламан кхин дуккха а чӏагӏонаш йолу йерриг меттигаш нохчийн долахь йисина. Церан долахь ду Дагестанца зӏе латтош долу Аргунан а, Ичкерин а округашкара лаьмнийн чӏажаш, ӏаьржачу ломан хьаннаш. Оцу меттигашкахь карадо обаргашна шайна кхерамаза туш.
Оцу хьолехь йолчу Нохчийчоьнера вайна кхерам ма-барра гучу графо Евдокимовс, Малхбале Кавказ къарйар чекх ма-деллинехь, ӏаьржачу ломан когашкахула дӏа вайн станицийн а, чӏагӏонийн штаб-квартирийн а керла лини йилларца, нохчийн аренашкара йарташ ламанца йолчех дӏакъасто план хӏоттийра…»
– Хӏай-хӏай! – корта а ластош, велакъежира Лорис-Меликов. – Дерриг а хьекъалениг шений, Евдокимовний йаздой-ц Карцовс!