шайна тӏебогӏу кхерам ца хууш, машаре ӏачу нохчийн пхеа эзар доьзалан кхоллам.
Шина а агӏоно, шайн аьтто лоьхуш, ца кхоабора цхьа а тайпа гӏирсаш – хастамаш, кхерамаш, мекарло, аьшпаш. Хӏуъу а бен йацара, цо толаме бигчахьана. Тахана кхоалгӏа де дара цушимма тӏом бен, амма цхьа а цхьа ког а хьалха ца ваханера.
Ӏела-Паша кӏедачу кресло чохь, леррина ла а доьгӏуш, партал хиъна ӏа. Оьрсичо дукха дуьйцу, ӏаламат дукха. «Неӏалт хилла гаур, сан само артйан гӏерта, – дагахь воьлу ӏела-Паша. – Шайна луург тхан коча долла гӏерта. Эрна ду, граф. Ахь хӏуъу дийцахь а, и разбойникаш оха тхаьшна луъучу дӏатарбийр бу. Кундуховца барт ма-хиллара. Хӏундий? Иза пачхьалкхан къайле йу, хьомсара граф. Хаьа, шу царах кхоьрий, мел чӏогӏа кхоьру. Цкъа а ца хиллачу тайпана шайн доза чӏагӏдан дезар ду шун хӏинца. Иза а тхоьгахьа ду. Кавказера ӏедал реза дац? Ца хин шена. Тхуна хастам бе, уьш тӏеэца резахиларна… Тхо дац дехарш дийраш, шу ду…»
– …Нагахь кхелхина богӏу нохчийн пхи эзар доьзал Россин дозанашна гена, шайн мехкан кӏоргехь, баха ховшо аш тӏе ца лацахь, цхьа нохчо оха схьахоьцур вац, – элира графа Игнатьевс сацамболлуш.
Цхьанхьа лакхенгара шен коьрта тӏе тӏулг боьжча санна, оцу дешнаша хазачу ойланах йукъахваьккхина, саметта валийра ӏела-Паша. Иза ша волччехь кхоссавелча, Николай Павлович а кхийтира, ша тӏаьхьалонна йитина козар, ша нийса лаьцна дина тохар цуьнан дага йуккъе кхетта хиларх. Николай Павлович дагахь хьалххе воккхавера шен хинболчу толамах.
– Тхо мича декхарийлахь ду шуна луург дан? – хаьттира ӏела-Пашас, вист ца хуьлуш жимма йукъ а йолийтина.
Хӏораммо а сатуьйсура важа ӏехо. Цундела баккъал йолчу ӏалашонах дош ца олура цхьаммо а. Амма Игнатьев шех тешна вара. Цунна дика ма хаьа нохчий тӏелаца хӏара туркой реза хӏунда хилла. Ткъа графо дӏахаийтина ӏела-Паше нохчий новкъара баха, хӏара Турци йоцург а, шайн дуккха меттигаш хилар. Масала, Кубань. Нохчий Кубане кхалхо хала, ткъа Турце кхалхо атта дуйла-м ца хаийтина цо. Хоуьйтийла а дац. Ткъа ӏела-Паша а вац ша майрра дуьйцучух дукха тешаш а. Кундуховца шайн къайлах хилла барт оьрсашна хаьий-те бохуш, шек ву. Цундела цкъацкъа, шен дош лакхадаккха ца