йукъахйуьсу тхан план. Тӏаккха оха гуттаренна а догдилла деза Кавказах. Хӏан-хӏа, жимма малвала веза со. Тӏехула тӏе, суна хӏун хуьлу, кхара бохург тӏелоцуш, дош даларх? Дозанал сехьабевлча, тхан карахь бац уьш? Тхаьшна луъучу уьш баха ховшор тхан карахь ца дуьсу тӏаккха? Россин дозанашкахь совцор бу-кха!»
Араволу кеп хӏоттош хьалагӏеттина Игнатьев, ши куьг букъа тӏехьа а диллина, карзахе чухула дӏасауьдучу ӏела-Паше а хьоьжуш, хӏоьттина лаьттара. Цо леррина тергалдора пашин дерриг аматаш, амалш. Йехо йекъана йуьхь, гӏалмакхойн уьстагӏчух тера мара, хаза хьовзийна ӏаьржа ши мекх, дуткъий балдаш, нийса дегӏ, сиха лер. Цуьнан къамелехь, леларехь цхьа а моттаргӏа ца хетара Игнатьевна.
«Баккъал а, хӏокхара нохчий тӏе ца эцахь? – йуха а са карзахдуьйлура Николай Павловичан. – Тӏаккха хӏун хир ду? Нохчий цигахь буьтийла-м дац. Цу тӏе, кхузахь дуьххьара суна тӏедиллина доккха гӏуллакх кхочушхилаза а дуьсу сан… Жимма кхин а йухагӏоьртур со. Собар, собар, йуха а цкъа собар».
– Делахь хӏета, хьан жоп ас Цуьнан Императорски Воккхалле дӏакхачор ду-кх. Аш хьалхахӏитточу некъашна Кавказан хьаькамалла реза дац. Со тешна ву, цо цхьа а нохчо Турце схьахоьцур вацарх. Нохчий схьакхалхоран гӏуллакх, кхин хьехо ца оьшуш, оцу тӏехь чекхдолу.
Кхузахь кхачаделира ӏела-Пашин собар. Цуьнан ницкъ ца кхечира кхидӏа моттаргӏанаш лело.
– Дика ду, граф, – элира цо, голаш тӏе ши куьг а тухуш. – Аш тхайна хьалха хӏитто хьелаш тӏелоцу оха. Оцу нохчийн дуьхьа. Нагахь аш и нохчий, важа ламанхой санна, хӏордаца а ца балош, лаьттахула шайн даьхница, йийбарца, герзаца дозане схьа а балийна, могаш-маьрша тхайга схьалахь.
«Далла бу хастам! Иза дара-кх тхуна луург а, – хазахийтира Игнатьевна. – Шайниг-м хьовха, бухахь буьсучийн герз а дохьур делара цара кхуза. Тӏаьххьарчу уьрсан мӏаьчиган биста хӏотталц».
Шина дипломато, хьала а гӏеттина, дуьхь-дуьхьал а хӏоьттина, лохха кортош а таӏош, вовшийн ӏодика йира.
Оццу дийнахь, Лондонехь, Грин-стрит урамерчу № 14 йолу шозза тӏекӏелдинчу цӏеношкахь, оццу оьрсийн паччахьан чоьхьарчуй, арахьарчуй политикех а, Кавказан ламанхойн кхолламах а лаьцна кхечу тайпанара къамел