Чехкка чекхдалахьара хӏара мовлад!
Йаханчу гурахь дуьйна схьа корта тентакбаьлла Мӏаьчиган. Цкъацкъа моттало цунна, ша хьераволуш воллу. Хӏор а Делан догӏучу дийнахь керл-керла хабарш хеза. Цхьаъ вукхул а ирча. Цхьаболчара дуьйцу, бӏаьсте йаьлча ӏедало нахера герз дӏаоьцу, боьрша нах салт бохур бу, цигахь царна хьакха йаор йу, уьш керста дине берзор бу бохуш. Вукхара дуьйцу, нохчий берриш Сибрех а бахийтина, церан мохк оьрсашна дӏалур бу бохуш. Ой, Сибрех бахийтича, царах хиндерг хьалххе дуьйна гуш ма ду. Махкалло, мацалло, шелоно, мозий санна, хӏаллакбийр бу-кх. Шайн ненан мотт а, лаьмнийн гӏиллакхаш а дицделла, керстанаш хилла дӏахӏуьттур ду бераш…
И дуьйцург мил-милла а ма вац. Иза-х цӏарна а цӏейаханчу Сайдуллас дуьйцу. Шеца цхьаьна Хонкара кхалха бохуш, нахе кхойкху иза. Цуьнца цига кхелхаш ву хӏирийн эла Алхазан Муса а, аьрстхойн Цугин ӏелаха а. Шайца цхьаьна шайн йиша-ваша а дуьгу, кхузахь царах керстанаш ца хилийта. Цаьрга хьакха ца йаийта, маларш ца мийлийта. Зударех тӏехь шарбалш йоцу кхахьпанаш ца хилийта.
Цхьанхьа вахана йуьртахо цӏа вирзича, йа эвла кхечахьара хьаша веача, гӏайгӏа хуьлу Мӏаьчигна. Хӏун хезна-те цунна, хӏун шийла кхаъ беана-те цо? Наха тоххара догдиллина дикачух.
Мовлад чекхдаьллачул тӏаьхьа, хӏума а йиъна, цӏа бахана дикка нах. Бухахь севццарш берриг а Кунта-Хьаьжин мурдаш бара. Тховса кхуза веана Киши-Хьаьжин уггар гергарчу векалех цхьаъ волу Мада. Тховса кхузахь ву хабарна говзалла Нохчмахкахь цӏейахана молла билтойн Нуркиша а. Лаа ма ца баьхкина уьш.
Хӏума йиъна, кайаьлларг лачкъийна, паргӏатваьлла Мӏаьчиг баккхий нах чохь болчу цӏийнан неӏаре гӏоьртира. Буьхьар хӏоьттина, пхенаш тӏедийлла шен дуткъа, деха лаг а дахдина, неӏаре гӏоьртинчу нехан кортошна тӏехула чухьаьжира иза. Баьрччехь ӏара ши хьаша. Кхалкъе беснеш, гӏина диллина цӏен маж-мекх долуш стоммачу дегӏара Мада, меллаша суьлхьанаш хьийзош, цӏенкъа ши бӏаьрг боьгӏна ӏа. Цунна куьг аьрру агӏор – Шахьби, аьтту агӏор – Нуркиша. Шен мукъамечу, лохачу озаца нахе цхьаъ-м дуьйцу Нуркишас. Цуьнан аз цкъацкъа, лахлой, шабаре долура, тӏаккха кӏез-кӏезиг, кхерамаш туьйсуш, къекъара.