дай боцуш бисина уьш сийсазбийр бу-кх керстано?
– Зударий, бераш вешан куьйга дайъа а дайъина, летта лийр ду-кх вай! – эккхийтира цхьамма. – И дан реза ву со, махках ца вала!
– Адам вовшахтоьхна, коьрте хӏитта тхьамданаш беза, ткъа тахана вай корта боцуш ду! Цхьаберш байъина, цхьаберш Сибрех хьовсийна, бисинарш ӏедалехьа бевлла!
Хоттург хаьттина а, ала луург аьлла а валлалц, ши бӏаьрг хьаббина, ладоьгӏуш ӏийначу Нуркишас, уьш дӏатийча, йуха а къамел долийра.
– Хӏун гӏуллакх ду, эрна хӏаллакьхила? – дуькъа, сира ши цӏоцкъам лекхачу хьаж тӏе хьала а тесна, нахе хьаьжира иза. – Ша кхоьллинчун са ма даккха, боху Дала, хьайн ницкъ кхочуш. Луучарна кӏелхьардовла кхоалгӏа некъ бу. Кху харцдуьненара хьо дӏакхелхинчу дийнахь, готтачу лахьти чохь хьо цхьа висинчу дийнахь, хьоьга барт хатта догӏур ду Делан ши малик – Мункир, Некир. Цаьршимма хьоьга хоттур ду: «Йа ӏабдуллахӏ ибн Адам, хӏай Делан лай, Адаман бер, хьайн махкахь дийнал-ислам хьийзочу дийнахь хьо мичахь вара?» Нагахь ахь, оцу дийнахь хьо хьайн махкахь вара, амма хьайн ницкъ бацара керстанца къийса аьлла, жоп лахь, цаьршимма йуха а хьоьга хоттур ду: «Йа ӏабдуллахӏ ибн Адам, хӏай Делан лай, Адаман бер, и де хьайна тӏехӏоьттича, керстанал тола хьайн ницкъ ца тоьъча, Делера салават салам хиларг, хьайн пайхамар Мухьаммад санна, и хьайн мохк битина, дийнал-исламна маршо йолчче, кхечу махка, дӏа хӏунда ца вахара хьо?» – аьлла. Дуьненан ӏалам кхоьллинчу, лекха хинволчу вайн Дала боху, Шен пайхамар Мухьаммад санна, динан дуьхьа махкахваьлларг кханалерчу эхартан дийнахь Шена дуьхьал декъала вогӏур ву, цигахь даржана лакхахь хир ву. Ва амма, хьалий-охьий, цхьана дийнахь пусар доцуш шех буьсуболчу шен махках ца валавелла, керстанна кӏел сецначунна Ша хьукма а дийр ду-кх…
Хӏетталц вист ца хуьлуш, суьлхьанаш хьийзош ӏийначу
Мадас, карахь гулдина суьлхьанаш, хьарчийна, гӏовталан кисана а тийсина, доцца доӏа а дина, ши куьг йуьхьах а хьаькхна, йайн йовхарш тоьхна, йиш тайира.
– Тахана вайн махка хӏоьттина кхузахь керстанан ӏедал мел ду, дӏахинйолчу мацаллех а, иза дӏайолуш а кочара бер боцчу керстанан балех а хьалхавала луучунна кхозлагӏа некъ бу шуна,