тӏейеара Айза. Зудчун йекхайелла йуьхь а, йоккхайеш богу бӏаьргаш а гича, цецвелира майра.
– Кхоана хӏун ло ахь? – мохь беттара цо геннара дуьйна.
– Хӏун хилла?
– Ахь кхаъ ца биллахь, дуьйцур дац!
Цхьа бӏаьрнегӏар тухучу йукъана ӏелин коьртехь масех хаттар а, царна жоьпаш а хӏиттира. Ванах, хӏун ду-те, хӏара оццул йоккхайе, хилларг? Сан белларш денлойла а дац, суна тӏедан кхин йиша-ваша сан а дац. Аьрзус зуда йалийна-те? Хьехош хӏума-м ма дацара. Атто старгӏа йа кхело бекъа йина ала меттиг а бац. Хӏун ду-те хилларг? Сийсара дуьйна меран буьхьиг кӏамлуш-м вара-кхий со. Цхьа хазахетар ца хуьлу-те?
– Алий йалахьа, токхи, хӏун ду хилларг?
– Эр дац, ахь кхаъ ца биллахь!
– Ас хӏун лур йу хьуна? Со верриг а хьан ву-кх. Кхин хьуна дала со да волуш хӏума дац-кх сан.
Майрачун карара дуьхьлоцу схьа а лаьцна, шен эсала ӏаьржа ши бӏаьрг лахара хьала ӏелина тӏе а боьгӏна, ховха балдаш, халла хаалуш дегош, хьалхакховдийра цо.
– Иза-м хиндерг дарийца! – зудчун балдаш тӏе байн пӏелг таӏийра ӏелас.
– Вайга хьаша веана! – бер санна, кхоссайелира Айза.
Ӏелин хӏинцца бен тидам ца хилира кертал арарчу цхьана говр-салазан, рагӏу кӏел хьаьвдех тесна, хӏоъ бууш лаьттачу йерстинчу йоккхачу кхелан.
– Мила ву иза?
– Тидал!
Иза мила ву хьажа сагатделла ӏела, стерчий Айзехь а дитина, чухьаьдира. Амма цӏа чохь цхьа а вацара. Хьаъа винехь а, цхьамма вина дечган жима пелхьо а ловзош, товханна хьалха хиъна ӏен ӏумар, шен ловзарехьа ваьлла, схьа а ца хьаьжира дега. Аганахь ховха наб йеш ӏуьллура ӏусман. Амма цӏа тахана ма-хуьллу чӏогӏа кечдинера Айзас. Баьрчерчу поппаран маьнги тӏе даржийна дара хийра хьаша веача бен схьа ца оьцу Айзин цхьаъ бен доцу къорза истанг. Товхана оьллинчу цӏестан йай чохь кӏежтуьйсуш кхехкара котамаш. Иштта чомехь кхача сих-сиха ца хуьлура ӏелагӏеран хӏусамехь. Цӏа чохь томканан кӏуьран хьожа йогӏура. Хьаша ара дӏасаваьлла хир ву-кх аьлла, дагадеана, йухахьаьвзаш воллучу ӏелин цхьамма, тӏехьашха куьйгашца бӏаьргаш дӏа а къовлуш, корта лецира.
Ӏелас меллаша куьйгаш хьаькхира шен бӏаьргаш тӏерачу куьйгех. Даккхий, айраш санна, декъа дара уьш. Лакхо кхевдича, карадаьхкира стаммий нуьцкъала пхьаьрсаш.
1. Кхетам кӏезиг болчух олу иштта.