деш ву сан орцахо Корни? Цуьнан доьзал буй могаш?
– Могаш, дика бу. Логгец оцу шен къоьлли йукъа а вахана воллу-кх.
Цкъацкъа, буьйсанна дӏасаволий, катуху. Шун обаргашца бертахь ву иза.
– Могаш хилчахьана, кхидерг-м тарлур дара. Амма майра кӏант ву-кх! Оцу дийнахь иза майдана ца нисвеллехь, йуьхьӏаьржо хуьлура суна. Дела реза хуьлда цунна! Дала аьтто бойла цуьнан!
Чу чоьлпа а хьовзийна, чуьра котаман тӏам схьа а эцна, иза кхихкинийла хьожуш, пӏелгашца оза а бина, галнаш йан тохайелира Айза.
– Вайн важа хьаша цӏа кхайкха веза, стаг. Сан галнаш сихха схьайевр йу.
– Ой, стенга вахана иза? – хаьттира ӏелас Андрейга. – Иза хӏинций-хӏинций чувогӏу бохуш, хабаре валларх ма ӏай со-м.
– Йуьрте бӏаьрг туху ша аьлла, аравелира-кх иза.
Ӏела, шена тӏе кетар йуьйхина, кога мачаш туьйдина, аравелира.
Чохь шаьш дисина Андрей, Айзий вовшашка бийца мотт боцуш дӏатийра. Ахьаран мижаргах галнаш йеш йоллучу Айзин кадечу куьйгашка хьоьжуш а ӏийна, тӏаккха ӏумарехьа вирзира Андрей. Шен пелхьо ловзо гӏерташ, амма гӏуллакх ца хуьлуш, мара хьалауьйзуш, вехьаш воллу иза, шена тӏе а вехна, караийцира хьешо.
– Ма къонах а ву! Мера кӏел седа а кхетта! Схьайтал!.. – киснара схьадаьккхинчу къорзачу йовлакхца ӏумаран мара схьалецира цо: – Хӏан-хӏани, «хӏинкх» алал! Хӏай-хӏай! Вуьззина къонах ву! Обарг! Таппа ша ӏела! Амма Дала тӏе ма доуьйтуьйла хьуна хьайн ден, дендайн новкъа лелар. Дала ирс лойла шуна мукъа а! Дала ӏалашдойла шу кху дуьненан харцонех!
Ша межарг хьакхо йоьллачул тӏаьхьа бен ца гира Айзина кӏентан бехбелла мара. Галнаш йина ца йаьлча, и цӏанбойла доцуш ӏийна иза, хӏинца, Андрейх эхь хеташ, текха тӏе йуьхьар йоьлла йоллура. Оцу йуккъехула самавелира аганара ӏусман а. Лари тӏе ког а теӏош, Айза ага техко йоьлча, иза шена улло уьйзира Андрейс.
– Дита, ас тахкор ду, – элира цо ӏаьржачу можаний, мекхашний йуккъехула эсала воьлуш, андий кӏайн цергаш гучу а йаьхна.
Хьеше бийца мотт боцчу
Айзина шарал йахйеллера майра араваьлла и кӏезиг хан. Цхьадика, дукха ца ӏаш, Яшкица чувеара иза.
– Аьрзу стенга вахана, ӏела?
– Делхьа хаац суна-м, иза мичахула лела. Со цӏера араваьлла кхо де а дара. Хӏинца, Яшка, хьайна тӏера сов бедар
1. Шена тӏехь ага дӏасатехка у.