исбаьхьчу хьаннашкахула сакъоьруш доладелла лела адам. Бӏаьрго ма-лоццу йийгӏина кемсийн бошмаш.
Кхузахь хьанна оьшура хӏокхара дохьу хьаьмцаш, кхораш, хӏара дечиган кӏора?
Ломахь санна, тӏелхигдевлла дацара кхузара адамаш а. Нохчийн бустамаш долу чоэш дуьйхина, коьртахь, чукагбеш, агӏор тоттуш, бӏаьрга тӏетаӏӏош техкина холхазан куйнаш, нохчийн безачу механ герзаш йукъахдихкина божарий. Зударшна тӏехь шуьйра пхьуьйшаш а, йаххаш а йолуш кучамаш. Дегӏана хьажош йиначу чилланан кофтанаш тӏехь лепара чаьразийн тайпа дина дато туьйдаргаш, йукъ кховллуш дихкина шуьйра дато доьхкарш. Коьртахь бес-бесара чилланан корталеш.
Ши чаккхарма йеакӏов йоккха йара Оьрза-Гӏала. Йерриг йурт чулоцуш йина йуьйцина керт йара, тӏехула кӏохцалийн коьллаш а лаьцна. Йеа агӏор йуьрта чуван дитина, тӏечӏогӏуш онда неӏарш а йолуш, диъ ков. Хӏор а ков лардеш пхийтта-йалхитта шо хенара божабераш.
Ӏелагӏар станици чу а болале, массарна а хиира хӏорш богӏийла. Хӏорш къилбехьарчу кевне ма-кхеччинехь, ведда станице ваханчу цхьана кӏанта, хӏорш хӏун нах бу хьажа, гӏалгӏазкхи валийра. Цунах чекхбевлла ӏелагӏар станици чубоьлча, цхьацца-шишша гуллуш, берийн йоккха тоба хӏоьттира хӏокхарна тӏаьхьа. Вовшашка маьхьарий а бетташ, кетӏа буьйлура зударий а, нах а. Станицин нийсачу, шуьйрачу урамехула дӏадоьду хӏара шиъ йуккъерчу йоккхачу майдана кхечира. Цигахь дара Червленски гӏалгӏазкхийн полкан канцелярин шозза тӏекӏелдина цӏенош. Уллорчу гауптвахтин неӏарехь баттара даьккхина тур буйнахь лаьттара гӏалгӏазкхи. Гауптвахтех тоьхна дара полкан командиран цӏа. Царна уллохь кхозучу вечин горгалина гонаха мукъалла гулбелла пхьоьханахь лаьттачу гӏалгӏазкхаша, тӏе а баьхкина, го бира майданахь сецначу ӏелин ворданна.
Цхьа массанан йаххьашна тӏехь шега цабезам гича, шен доьхна дог ца хаийта гӏертара ӏела. Шен дахарехь иза дуьххьара ма вара станицехь. Баккхийчу нахера дукхе-дукха довха дешнаш хезнера ӏелина хьалха нохчашний, гӏалгӏазкхашний йуккъехь хиллачу гергарлонан йукъаметтигех лаьцна. Цара йийцинчу а, таханлерчу а шина заманна йуккъехь бехачу тӏеман цӏеран лекха арц лаьтта.