– Схьайаийта, кунак, хьайн ворда суна тӏаьххье, – элира ӏелина тӏевеанчу Корнейс. – Кху станицин махка тӏехь хьайн коьрта тӏера чо хьабарна ма кхералахь.
Оцу гӏуллакхна бехке ша волуш санна, майданара дӏаваьлча, ӏелина хьалха бехказвуьйлура Корней:
– Кунак, хьайн Аллахӏан дуьхьа, оцу масех стага и гӏовгӏа йинера алий, тхох вониг дага ма далахь. Тхо дерриш иштта сийдоцуш ду, ма мотталахь. Хьоло дузийна цхьа ткъех цӏа ду кхузахь, тхан йаьӏни тӏе а хевшина, тхо хьийзош. Тхуна, мисканашна, ца оьшу шуьца мостагӏалла. Вайн дай, вовшашца цхьа а тайпа мостагӏалла доцуш, бертахь, чукаре, доттагӏалла а, гергарлонаш а долуш баьхна. Ӏедало, ӏехош, питанаш туьйсуш, мостагӏалла доьлли-кх йукъа. Тхо цхьадерш хӏинца кхетта. Кхин ӏехалур дац. Тхо а ма ду, шу санна, тхешан синош дезаш адамаш.
– Баркалла хьуна, Корней, – элира ӏелас доггах. – Со ӏожаллех а, сан зуда сийсазаллех а йаьккхи ахь. Ас цкъа а дицдийр дац хӏара де…
Корнейс куьг ластийра.
– Хӏара-м кӏезиг гӏуллакх, дера, дара, – цӏеххьана гӏайгӏане хилира Корней. – Кунак, ахь бехк ца биллахьара… Хьуна хьалха йуьхьӏаьржа хӏотта герга ву-кх со… Сайн кунакан цӏе а ца хаьий суна-м?
– Сан цӏе ӏела йу. Нохчмахкарчу Гати-Юьртара ву со. Гезлой-гӏап лаьттинчуьра дӏа лакхо, Яьсси йистехь йу иза. Аьрзу цӏе йолуш ваша а ву сан. Нагахь, цхьа гӏуллакх хилла, хьо цу агӏорхьа вагӏахь, тхойшиннан герз а, синош а хьан долахь хир ду.
– Баркалла хьуна, ӏела. Лам чохь шуна йуккъехь дуккха а кунакаш бу сан. Хӏинца Дала хьо а вели суна. Дика доттагӏий цкъа а сов ца бовлу. Ткъа хьо мича гӏуллакхо валийна тхан агӏор?
– Хӏара зуда дукха хан йоцуш йалийна ас, Корней. Бахам вовшахтоха доьлча, массо хӏума оьшуш карий. Цхьацца бахаман гӏирсаш кхузахь атта каро там бара-кх аьлла, гӏаддайна, схьанехьа ваьллера со. Кхузахь тиша-киша хӏума эца дагахь.
– Вордан тӏехь йерш хӏун йу шуьшиннан? – тӏехьа корта тесира Корнейс.
Цо и хаттар дича, эхь хетта, цӏийвелира ӏела. Амма аьшпаш буттийла дацара.
– Кӏора а, хьаьмцаш а, кхораш а…
Корнейс резавоцуш корта ластийра:
– Доьхна гӏуллакх ду вайшинниг, ӏела.
– Схьакхаьчча ваьлча, хии суна, со галваьллийла.
Шегара сараг схьаэцна, ворданна хьалха