– Вайчара ца дина иза.
– Кхин хьан дийр ду ишттаниг?
– Хьан дийр дара? Хьаъа а. Гӏалгӏазкхаша шаьш дина хир ду. Вайчул дукха къуй бу церан. Корней санначара ца до вайна зуламениг. Цара шаьш дина къола нохчашка схьало. Кхечара, лар кхуза а йалайой, къола къайладоккху. Вайга такхийта.
– Хӏета, гӏуда такха дезар ду-кх вайн?
– Иза-м дуьххьара хуьлуш ма дац. Ӏедало къахьоьгур дац бехкениш лоьхуш. Вай тало бахьана лоьхуш лела. Хьуна мичара хезна и?
– Янаркъас дийцира. Цунна Ахьмадера хезна. Хортӏа ву, боху, оьгӏазвахана, стигал къекъош. Нагахь кхо де далале къу схьа ца лахь, ткъа туьма охьадилла, боху, тов.
Васала йайн шок туьйхира.
– Маса говр йу лачкъийнарг?
– Шиъ.
– Дела бе уьш Дала хӏаллак! – доггах йаппарш йира Васала.
Теркан областехь лелаш дацара империн йукъара «Суьдан уставан» законаш. Кхузахь шатайпа бакъонаш хӏиттийнера администрацис. Ламанхошна – цхьа тайпа, гӏалгӏазкхашна – кхин. Областан муьлххачу а маьӏӏехь дина зулам ламанхошна тӏетоттура ӏедало. Цунах уггар хьалха жоп доьхура зулам хиллачу меттигна уллохь йолчу ламанхойн йарташка. Йа бехкениг ӏедале дӏавала везара цара, иза дӏавеллехь а, нагахь зулам меттахӏотто цуьнан ницкъ бацахь, йуьрто бан безара такхам.
Гӏалгӏазкхийн станицашкахь къола динехь, лар уллорчу йуьрта йуьгура. Нагахь оцу йуьртана и лар шел дехьарчу махка тӏе йигалахь, хьалхарниг кӏелхьарйолура бехкана. Лар шен махка тӏехь сецна йурт декхар йара къу каро а, станицина дина зен меттахӏотто а.
Къу йа зуламхо ца карош меттигаш дукха нислора, хӏара йарташ бехке а йоцуш. Амма, белахь а-бацахь а, бехк царах цхьана йуьртана тӏехь биса безара. Йарташна тӏе жоьпалла дожо а, царна таӏзар дан а атта хилийта, хӏор а станицина тӏечӏагӏйинера масех йурт. Шайна тӏечӏагӏйинчу станицера стаг вехь а, цигахь къола дахь а, муьлххачу а зуламах жоп лора оцу йарташа. Цара шаьш лаха везара бехкениг. Амма и ца караво-кх, йа хилла а вац-кх иза, тӏаккха а зуламах жоп дала дезара церан.
Яьсси тӏехь йайначу говрийн лар Гати-Юьртан махка тӏехь сецнера. Цхьамма кхузахула хьовзийна дӏайигнера говраш. Бехк белахь а, бацахь а, гатийуьртахоша такха йезара уьш. Шина говран болучул