оьшур йац хьуна. Хьайна лаьий хьуна, хилларг дицдай, хьайн нускалца ваха. Амма, хьо Сибрех йа эскаре дӏавахале, цкъа хьалха сан бӏе сом охьадуьллур ду ахь. Къастабел суна оцу кхааннах цхьа некъ.
– Дела воцу мунепакъ! – мохь белира сан.
Барин гӏадвахана велавелира.
– Хьо ма-барра уьстагӏ бу хьо, Яшка! Хӏун хилла хьан Марфина? Хӏумма а ца хилла-кх. Дуьххьарлера буьйса хьайн галйаларх, шек ма вала хьо. Мерза йелахь а, чаьмза йелахь а, и цхьа буьйса йу-кх хьан йайнарг. Цул тӏаьхьа йерш йерриг цхьатера хуьлу уьш. Хӏумма а дац, Яшка. Машар бер вайша. Кхин а цхьана баттахь кхузахь балхахь йита, тӏаккха цӏахь ӏер иза. Нагахь лаьий хьуна, ший а гуттаренна а сан кертахь балхахь саца. Ма кхералахь, суна кестта кӏордор ду хьуна хьан нускал. Тӏехула тӏе, хьо а кхуьур ву и кӏордо. Барт хиллий вайшиннан?
Жоп ца луш, вехха ӏийра со. Реза вац аьлча, хӏун новкъадолу? Лаьллина Сибрех вохуьйтур ву йа салт воккхур ву. Салт волучул-м, Сибрех итт шо даккхар а тоьлу. Тӏехула тӏе, цигашха дӏавахча, оцу жӏаьлех бекхам эцаза а ма вуьсу со. Цул-м, со, къера а хилла, кӏелсецначуха, тапъаьлла дӏа а тийна, бекхам эца аьтто нисбан хьажар гӏоли ма йара. Тхойшиннан барт хилира-кх. Вуьшта аьлча, цунна луучунна корта а таӏийна, сецира. Со оцу буссахье маьршаваьккхира. Оцу буса дуьйна дӏа цунах бекхам эца аьтто лоьхуш, бутт хан йелира сан. Кхин сан аьтто ца нислуш, ваьлла Петербурге сакъера вахара иза. Цигара цуьнан цӏаверзар а, тхан бунт а цхьаьна нисделира. Схьахетарехь, шен махка тӏехь хӏоьттина хьал а хиъна, веанера иза.
Хӏинца хаьий шуна, барино сох къинхетам хӏунда бира? Ша сан зуда лелош а хилча, тӏехула тӏе, суна луьра таӏзар а дича, нийса ца хетта-кх. Со шена къинтӏера валийта воллура-кх. Цунах-м кхета ма кхеттера муьжгий. Царна ма хаьара Марфица цуьнан йолу йукъаметтиг. Ткъа цуьнан «къинхетамо» со кхин тӏе а карзахвохура. Цунна и дерриг дӏадекха йуха а чӏагӏо йина, шарбал хьала а оьзна, нитташ хьекхча санна догу цӏога дӏа а хьулдина, йуьстахвелира со. Хӏетталц дӏасавала бакъо ца хиллехь а, хӏинца со маьрша ма вара. Оцу дийннахье, сайн Марфа а эцна, Бездне вахара со.
– И хьакха ца йуьйш йитира ахь? – хаьттира оьгӏазвахана цӏийвелла ӏачу Маккхала.