Чу дохк хӏоьттинчу цуьнан бӏаьргашна хьалха хӏуьттура кхехка тӏом, йагийна йурт, зударийн, берийн, къеначийн а декъий. Цхьана генна кӏоргера оьрсийн къоначу эпсаран аз а хезара…
Цкъа Гиха кӏел хилира иза, –
Ӏаьржачу хьуьнхула тхо чекхдовлуш;
Цӏарца садоьӏуш, тхуна тӏехула богура
Сийна-йекхначу стигланан тхов…
Ӏаьлбагна йуха а хеза йаккхийчу тоьпийн къекъар, тоьпийн лелхар, болатан татанаш. Царна йуккъехула изза аз:
Ас ойла йора: «Декъаза стаг,
Хӏун лоьху цо!.. йекхна стигал,
Стигала кӏел массарна а шорта бу меттиг,
Амма хаддаза, эрна
И цхьаъ ву мостагӏалла хьедеш – хӏунда?»
Берса сецира назманаш йоьшучуьра. Амма цхьа а вист ца хуьлура. И буьрса тийналла йохийра ӏаьлбага, ша-шена и тӏаьххьара байт а аьлла.
– Баккъал а, Берса, хӏунда лета адамаш вовшех? Оьрсийн оцу догдикачу эпсаран санна, ойла хӏунда йац массеран а? Мичахь ву и турпал?
Берса гӏайгӏане велакъежира.
– Вац иза, ӏаьлбаг. Иштта адамаш дукха ца деха.
– Велла иза?
– Хӏан-хӏа. Вийна.
– Ас дийцира-кха шуна, кӏентий, къечу муьжгийн паччахьна дуьхьал гӏовттамех лаьцна. Уьш-м къен, бакъо йоцуш болу дела гӏовтту. Амма паччахьан, ӏедалан харцонна, ӏазапна дуьхьал хьолахой гӏовттуш меттигаш а хуьлу. Ишттаниш кӏезиг-м нисло, амма хуьлу. Церан хьал ду, царна хьалха йиллина йу ирсан неӏарш. Амма къен, миска, декъаза халкъ гучу церан шайн хьолах а, ирсах а догдолу. Уьш халкъехьа бовлу. И кӏеззиг хьолахой бу оьрсийн халкъан бакъболу кӏентий.
Ишттачех дийцира Берсас. Цхьа хӏуьнехдинчу Радищевна тӏера схьаволавелла.
Паччахьо шена гергаозийна иза. Жайнаш а йаздора цо. Амма шен жайнаш тӏехь паччахь, цуьнан ӏедал ца хестадора цо. Халкъерчу баланех, ӏазапах йаздора. Нажжаз бора паччахь, помещикаш. Паччахьо гена, шийлачу Сибрех вахийтира иза. Шена тоьхна хан а йаьккхина, цӏа веара. Тӏаккха а ца витира иза паччахьо. Даим дӏатеӏош, сийсазвеш. И дерриг лан а ца делла, дӏовш мелла, ша-шен вийра цо.
Шовзткъа шо хьалха цхьакӏеззиг оьрсийн эпсарша барт бира паччахь а, цуьнан бартахой а дӏа а баьхна, халкъ маьрша а даьккхина, паччахь воцуш ӏедал хӏотто. Петарбухехь а, кхечу шахьаршкахь а паччахьна дуьхьал эскарш гӏовттийра цара.