Ах-акхачу гӏиллакхашца, амалшца беха хӏорш оцу боданера маьлхан серлонга баха хьурмате кхаж Россин баларх воккхаве со, дозалла а до ас. Амма иза, хьуний, суний ма-лаъара, сиха хир дац, хьомсара Муса Алхазович. Цунна дуккха а хан, къинхьегам а оьшу. Халонаш лан а деза. Хьайн харцахьара ойланаш а йитий, генна хьалха дӏахьажал хьо.
Чувеанчу капитано Золотаревс йуккъехь масех кехат долуш папка хьалхайиллира командующина. Кехаташна тӏехула йукъ-йукъа бӏаьрг а тоьхна, даьржинчу хотӏаца буха куьйгаш а йаздина, папка капитанна хьалхатеттира цо. Золотарев араваьлча, толаме Кундуховга хьаьжира Лорис-Меликов.
– Хӏаъ, хьомсара государь, генна хьалха дӏахьажа хьо. Тӏаккха хуур ду хьуна, со бакълоьй.
Кундухов воккхавера долийна къамел дахдан аьтто нисбаларх.
– Со собаре цахиларна бехк цабиллар доьху хьоьга, Михаил Тарелович, – элира цо, шен сихалла йуха а оьзна. – Уггар хьалха, ламанхо ву со. Ткъа цӏий ӏац шечуьнгахьа озабезам ца беш. И нохчий кхечу къомах белахь а, сан лулахой бу. Ас цаьргахьа озарх эхь дац, моьтту суна. Со тешна ву уьш къарбелла кӏелсовцург цахиларх. Хьан план нийса йу, шеко йоцуш. Амма – кхечу къомаца долчу гӏуллакхна хӏоттийна йелахьара. Ницкъаца, къизаллица къарлур бац нохчий. Нагахь, хьуна ма-лаъара, уьш нуьцкъаха цигара дӏакхалхо долахь, дукхе-дукха балхаме тӏаьхье хир йу. Хьан плано шовзткъалгӏачу шерашка йухадуьгур ду вай. Со тешна ву, хӏетахь вайна нохчашца мотт бийца хиънехьара, оцу тӏаьххьарчу ткъа шарахь лаьттина цӏийӏеноран тӏом хилла хир бацарх. Изза гӏалат йуха а далийта ойла йу хьан? Инарлегара Пуллогара масал ма эцалахь, хьан локхалла!
Тахана Лорис-Меликов дукхе-дукха цецваьккхинера Кундуховс. Шена хьалха хиъна ӏийриг Кундухов ван а вуй-те олий, шеквуьйлуш, леррина цуьнга хьоьжура командующи. Хӏинццалц цкъа а цахилларг ду-кх хӏара. Ламанхошкахьа гӏодаха а, нохчех къахета а воьлла. Хӏара Кундухов вацара ткъа кхо шо хьалха нохчийн цӏий ӏанийнарг? Хӏара вацара ткъа хӏетахь Ичкерехь шен къизаллица гоьваьлларг?