Хонкара дахча а, лийр ду. Мацалла, махкаллаш дина! Со хӏунда волу сайн махкара дӏа? Кхузахь вай новкъа дерг дӏавала! Цулла а, вайгара дӏабаьккхина мохк схьало! Тӏаккха хир ма йац хӏара къоьлла а, мацалла а! Йа гӏазкхашца дов а. Хӏан-хӏа, тхол кегий долуш герз караэцна аш! Оцу къийсамо къандина шу! Шу йуьстахдовла. Хӏинца рагӏ тхоьгахь йу! Къоначу чкъурехь. Шун некъ оха дӏахьур бу.
«Гора, Аьрзу, йаӏ! Хӏун дан гӏерта-те шу?! – ойла йора Мӏаьчига. – Хӏара къона тӏаьхье а хӏаллакйан дохку-те шу?»
– Хӏаъ, тхо дӏадевр дац тхешан махкара, – карзахвуьйлура Коьра. – Оха цӏанбийр бу гаурех хӏара. Йа, летта, лийр ду! Ткъа рицкъа ас вайна оьшуьйтур дац! Со охьенца къолах гӏур ву!
– Хӏейт, гора, кӏант, йаӏ! – гӏадвахана, велавелира Мӏаьчиг. Амма оцу веларца дозадоцуш йоккха гӏайгӏа гора. – Цхьана хенахь тхешан дега ас дийцинарг ду ахь хӏинца соьга дуьйцург! Шен дега цо дина хила а тарло изза къамел! Хӏан-хӏа, Коьра, кегий ду шу хӏинца а. Селхана йина хьозанан кӏорнеш. Тӏемаш-м хьехор а дацара вай, атталла тхинчо а божаза. Вайна кхузахь маршо хир йу бохург дӏадаьлла. Дукха бу керстанаш. Хӏара дуьне дуьзна. Байъарх уьш совца а ца белла, диси вай. Вайнехан масех тӏаьхье летта царах. И ахь боххург дуьйцуш, гӏуьттура царна дуьхьалйийлла хӏор а къона тӏаьхье. Тхол баккхийниш тхоьга кхойкхура шайн метта хӏиттаре. Уьш тешара толамах. Хӏетахь мостагӏ вайн махкахь вацара. Хӏетахь цунна дуьхьало йан хӏинцачул атта дара. Хӏинца оха, даккхийчара, догдиллина толамах. Зингат санна, вайн махка ваьржина мостагӏ. Цӏезо санна, талийна, хӏаллакбина вайн мохк. Вайна йукъа гӏалгӏазкхийн йарташ йехкина. Церан гӏап, эскарш доцуш маьӏиг йац. Лаг лаьцна вайн. Денна тӏекъуьйлу иза. Садукъош лаьтта. Кхалха гонна йукъа доьхкина. Шу карзахдохуш Аьрзугӏар бу. Цаьрга ла ма дегӏа. Вешан устазо бохург дер вай. Дала цайелларг маршо йац. Вешан болх Даллий, элчанний, устазний тӏе а биллина, бӏаьста нахаца Хонкара кхелхар ду вай. Хьанна хаьа, цигахь гӏуллакх вон ца хила а мегий. Кхузахьчул хала-х хир даций. Мухха делахь а, вайца цхьана динехь бусалбанаш ма бу уьш. Бусалба паччахь ву цигахь. Оцу тӏехь сацам чекхболуьйтур вай…
Дас биначу сацамо харцийра Коьрас йоьгӏна дашо гӏала.