хьахийнера, ӏедало бакъо лахь, шеца кхалха резаболу нохчий а эцна, ша Хонкара кхелхар вара бохург. Тӏаккха буьсучу нахана лаьттан шорто хир йара аьлла. Сардало цунна жоп делира, цхьа а нохчо нуьцкъала махках воккхур вац, амма шена дӏаваха луург сецор а вац аьлла. Дӏабоьлхучийн а, бухабуьсучийн а дуьхьа. Амма ӏедална бен дац, нах цига бахча а, бисча а…
– Седа дуьхьал бахча а! – эккхийтира хьалхалеррачу озо.
– Тӏаккха, йаханчу аьхка инарла Кундухов Хонкара вахара. Цигахь Хонкаран паччахье цо дийцира, Дегӏастанера хьан динан вежарий холчохь бохку, латта доцуш, мацалла бӏаьрзе хьийза, уьш хьайн махка битахьара аьлла. Хонкаран паччахь ӏабдул-Межед резахилла вайнах тӏеэца. Мусина цо дош делла, цига богӏучу нохчашна хаза, хӏокху махкаца богӏуш, къастийна мохк бала а, цӏенош дан а, уьш кога-метта хӏитталц, йалтиций, хӏуций кхачо йан а. Оцу хьокъехь цо хаам бина Тифлисерчу сардале. Йуха а боху шуьга, нах! Ӏедало нуьцкъаха цхьа а стаг цхьаннахьа а воккхур вац, амма ваха луучунна шуьйра некъ буьту. Бакъду, Хонкара кхалхар, цхьаболчарна ма-моьтту, атта а хир дац. Шуна моьтту хир ду, шайн сал-пал хьарчийна, ворданаш тӏе а хевшина, хӏайда аьлла, шаьш дӏадахчахьана, чекхдолу. Хӏан-хӏа. Кхечу паччахьан махка воьдучун карахь оцу паччахьо дӏавоьхуш кехат а, кху ӏедалан паспорт а хила деза. Кхин хӏун ду? Дерриг адам цхьанаметта дӏакхелхича, туркойн ӏедалан ницкъ кхочур бац шуна а, шайна а йуьхькӏам боллуш шу тӏеэца а, дӏатардан а. Кӏез-кӏезиг тобанаш йохуьйтур йу. Кху бӏаьста – цхьаберш, тӏедогӏучу шарахь – кхин. И ца дахь, шайх хӏун хир ду хаьий шуна? Стохка цхьанаметта, тӏекӏел масех бӏе эзар цига кхелхина эдагий нийсса ах хӏаллакьхилла. Шух и ца хилийта гӏерта ӏедал. И боху кху полковнико.
Ботас, ша ваьллийла хоуьйтуш, корта а таӏош, полковнике цхьа-ши дош элира.
– Хеттарш дуй церан? – хаьттира полковнико.
– Полковнике хатта хӏумма а дуй шун? – сихха нахана тӏевирзира Бота.
Нах цхьана йукъана ладоьгӏна бисира. Хатта а, дийца а хӏуманаш-м дукха дара церан. Амма ша-ша хьалхагӏорта гӏиллакхе ца хетара. Церан хьийсарш соьцура йуьртан тхьамдина Бештона а, тхьамданашна уллохь лаьттачу Маккхална а, Аьрзуна а тӏехь.