– Хьан сийлалла, кхузара гӏуллакх чекхдаьлла-кх вайн, – элира цо Муравьевга, улло а таьӏна.
– Цара и маьхьарий хӏунда хьоькхура? – хаьттира леррина нехан гӏовгӏанашка ладоьгӏуш ӏийначу фон Клингера.
– Шайн ӏовдала хабарш йу!
– Транспортца долу гӏуллакх муха ду?
– Ас хьалххе дӏа-м аьлла. Мила вара хьо, Хортӏа, хӏорш Гӏоьрдала бига салазаш кечйиний ахь?
– Кийчча йу. Говрийн ши салаз.
– Дерриг кийча ду, хьан сийлалла.
Хьаькамаш дӏабахарх ца буьйхира гулам. Мелхо а, адам ваьштатаьӏира. Йацара хьалха хилла гӏовгӏанаш а. Гонна йуккъе ваьллачу Маккхална тӏехь сецира массеран а бӏаьрг.
– Йуьртахой! – мохь туьйхира цо шен кӏедачу озаца. – Ирча де ду вайнахана тӏехӏоьттинарг. Шайх Мансуран заманахь дуьйна вай хьегнарг гӏан хуьлуш лаьтта. Хьалхалера ницкъ бац вайн. Тӏамо нийсса ах кхачийна. Дийна бисинчийн дегнаш эгна. Маршонах догдиллина. Ӏедало кхерийна. Тӏебазбеллачу балано хьаьшна. Кху масех баттахь Нохчийчохь а, Гӏалгӏайчохь а дуьйцург цхьаъ ду. Бӏаьсте йаьлча, адам Сибрех дохуьйту, хӏара мохк гӏалгӏазкхашна дӏало бохуш. Кхечара дуьйцу, кхуза массо йуьрта эскарш оьзна, массо хӏусаме салтий а хӏиттийна, вайнах керста дине берзо ойла йу бохуш. Цунах кхерабелла нах Хонкара баха кечлуш бу. Суна хаьа, тӏехьа агӏорхьара дийнна йарташ, дийнна тайпанаш ду цига даха кечлуш. Кху вайн йуьртара а бу дикка нах и дагахь. Цхьаммо а бӏаьстенна йалташ ден беш гӏайгӏа бац. Ца элира олу даций шун, нах, цкъа доьлхур ду вай кху гӏуллакхах. Махках ваьлла, кхуьнга сатийсарал доккха ӏазап дац стаге хӏотта. Суна хиъна цуьнан хьал. Ас йийсарехь кӏеззиг йаьккхинчу хенахь сан дагна хилла цамгар хӏинца а къастаза йу сох. Ванах, летта велла велара со йа накъосташка вейтина велара, кхарна кара а веана, махках воккхуьйтучул бохуш, ӏара. Чӏагӏонаш йора, хӏинца цӏа вирзича, дегӏа чохь са а долуш, кхин махках ца къаста. Ма хьехаде, нах, Хонкара кхалхар. Иза бусалба паччахь хиларх, вайн тодала хӏума дац. Цӏа-цӏе а, даймохк а боцуш, сагӏадоьхургаш санна, оцу хийрачу махкахь нехан неӏаре хӏуьттуш, делла дӏадевр ду вай. Цига кхалхар долийна Алхазан Муса а, ӏуспанан Сайдулла а, Цугин ӏелаха а – и нах хаза шайн даьхний а, ахча а долуш бу.