Уьш вешан мостагӏий хиларе терра, массо агӏор
а нохчий сийсазбеш, церан оьзда дерг а сийдоцчу
даккха гӏертара вай. Церан кхетамций, амалшций,
гӏиллакхашций, дахаран кепашций цхьаьна ца богӏу
вайн лехамаш кхочушбан царна цалаарна.
Вай уьш бехке бора, царна тӏехь ца товчу, аз
шогачу, шайн само къарйечу вайн шедагна кӏел
хелхабийла царна цалаарна.
Инарла М. Я. Ольшевский
Кхоьлина гергагӏерта шийла ӏа. Дукха хан йу Чӏебарлойн лома ло диллина. Ломан когашка а кӏац йиллина сийсара.
Шийла а, сингаттаме а ду йерзинчу хьаннашкахь.
Шийла йу тӏулгийн ширачу бӏаьвнаш чохь, тӏуьначу хьехаш чохь.
Амма обаргийн кхин меттамотт бац. Цецах санна, чекх мох буьйлу зарзйелла тӏелхигйевллачу бедарех. Мотт-гӏайба йицйелла дукха хан йу. Тахана кхузахь хуьлу, кхана мичахь хир хаац. Кхин бӏаьвнаш, кхин хьехаш. Уьш йерриш а цхьатера йу. Шийла, сингаттаме. Наха йарташка кхойкху обаргаш, шайн ницкъ кхочу гӏо а до царна. Кхераме доллушехь. Амма обаргашна лаац йарташка гӏерта. Цкъа-делахь, ӏедална и хааделча, уьш тӏеэцначу йуьртана луьра таӏзар до. Шолгӏа-делахь, хӏинца цхьа а йурт йац шена чохь, цхьаъ хилла а, даррехь йа къайлаха паччахьан ӏедалан айкх воцуш. Уьш кийчча лаьтта ӏедална тӏе мотт бахьа.
Ткъа Варин коьртах пхи бӏе туьма ахча кхайкхийна инарло Тумановс. Гӏараваьллачу обарган коьртах и ахча кӏезиг хета айкхашна. Ткъа инарло Тумановс боху, паччахьо Шемалан коьртах кхайкхийнарг а дацара эзар туьма бен. Пхи бӏе туьма. Ӏедало цхьана дийнахь доккху Нохчийчоьнера эзар туьма. Цхьанхьа цхьана йуьртан махка тӏехь вийначу паччахьан йалхочун дакъа карадахь, бӏе туьма гӏуда доккху.
Инарлин ахча шортта ду. Хӏетте а, хӏара буьрса Вара дийна йа вийна шена тӏевалориг пхи бӏе туьма бен ца ло. Хӏумма дац. Собар дийр ду. Йуьхьанца кхайкхийнарг бӏе туьма дара, хӏинца пхеа бӏе туьмане даьлла. Жимма ӏийча, эзарне а дер ду. Шемалан коьртах санна. Собардинчуьнгахьа ву Дела.
Иштта ойла йо Варин мостагӏаша. Халкъан мостагӏаша.
Амма Вара, мел кхераме делахь а, тховса йуьрта гӏерта. Цуьнан доьзал Жимачу-Атагӏахь бу. Ши-кхо де хьалха бара-кх. Нагахь, цхьа гушбоцу кхерам тӏе а