бетташ, вехха лаьттира Вара. Цуьнан самоно лоьцура гондӏа мел тийна а шур-шур. Варин мостагӏий бу дуккха а. Царах уггар кхерамениг Чӏебарлара Гӏудантан Мудар а волуш. Стешха, йамарт жӏаьла ду иза. Чӏебарлахь наиб волчу цуьнгахьа ду ӏедал а. Мудар санна, къиза, сийдоцуш хилла цуьнан ваша вийна Варас. Дукха хан йу, шен вешин чӏир йекха гӏерташ, Варин лар толлуш лела. Амма иза тӏекхиац Варина.
Буьрса терсаш, тӏулгийн бердах леташ, охьахьаьдда доьду Орга. Аренга мел дели, кӏадлуш, гӏеллуш, чож детташ, тийналле доьрзу иза. Адаман амалх тера. Къоначу хенахь дахарехь маршо лоьхуш, иштта карзахе некъ бо стага а. Тӏаккха, шовзткъа шарал тӏех ма-тиллинехь, хийцало. Наггахь йовхарш тухуш, ша висча, лазаршна узарш деш, кхин гӏар-гӏовгӏа йоцуш, тийна лаьтте воьрзу. Эхарта.
Варин хьажар йуьртан лаха йистехь гӏийла ша къегачу серлонна тӏехь соцу. И къуьда богучу цӏа чохь вехаш ву цуьнан доттагӏ Вагин Паша. Къайлаха обарг ву иза. Обаргашна къайлаха гӏо а до Пашас, наггахь цаьрца къола дан а вогӏу. Шена и шен доттагӏ дика вевза моьтту Варина. Амма – вовзац. Варина хаац и шен доттагӏ Гӏудантан Мударна ахчанах вохкавеллийла. Ца хаьа, тховса ша Пашин хӏусаман неӏарх чоьхьа ма-веллина, хӏусамдас Мударе мотт эцна чехка бере хьажор вуйла а, ткъа Гӏудантан Мудара гӏопера йалийначу гӏалгӏазкхийн отрядах кхаа сохьтехь ша леттачул тӏаьхьа, хӏоъ-молха а кхачийна, баттара шаьлта а йаьккхина, мохь бетташ йеса а доьшуш, дуккха а барамехьчу мостагӏашна чухьодур вуйла а, цара ша таррашца верина охьавуьллур вуйла а…
Цо хӏинца кхечу хӏуманан ойла йо. Цунна дагах гилгаш дуьйлу, шена кестта шен доьзал гург хилар дагадеача. Ойланца цо хьоьсту шен жимахйолу йоӏ Беди. Хетало, ша цуьнан ӏаьржачу, кӏедачу месашна куьг хьоькхуш санна, иза кегийчу куьйгашца йуькъа йаьлла сирйелла шен маж кегош, хебаршка ихна лаг мара а къуьйлуш, йоьлуш санна. Кхо йоӏ йу цуьнан. Кӏант вац. Варел тӏаьхьа цхьа а боьрша стаг ца вуьсу церан доьзалехь. Варел тӏаьхьа оцу зударийн дола хьан дийр ду-те? Наха дуьйцуш ирча эладитанаш ма ду. Кестта берриг божарий салт бохур бу, халкъ керста дине дерзор ду, тӏаккха гаурша зударий сийсазбийр бу бохуш.