Доцца аьлча, нохчийн дегнаш чу этнически куралла йуттура цо.
Амма, ша Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам чӏагӏвелла ваьлча, нохчашкара шена кхерам хаабелира Шемална.
Цундела кхузахь хьекъалечу Шемалан политикин коьрта ӏалашо йара нохчийн тайпанашний, тукхамашний чоьхьара а, вовшашца а зӏенаш малйар, ма-хуьллу царна йуккъе цатешам боллар, шена кхераме хир бу аьлла хета тхьамданаш, къаьсттина – ӏеламчаш, йуьстахбахар а. Шовзткъалгӏачу шерашкахь цхьацца шеконе бахьанашца, тӏамехь а, чӏирхоша бойъуш а дӏабевлира нохчийн тхьамданаш: Джоватха, ӏумха, Шоӏип-молла, Соиб, Саьӏид-Молла, Элдар, Ших-ӏабдулла, Оьздамар, Домби; Кубанал дехьара ламанхой гӏовтто а, церан гӏаттамашна тӏехь куьйгалла дан а хьовсийна Мохьмад-Гери, Мохьмад-Хьаьжа, Сулиман-Молла, Юсуп-Хьаьжа, Мохьмад-Эмин а. Цхьаберш белча, кхиниш Нохчийчуьра дӏабевлча, 1847-чу шарахь шегара имамалла шен тӏаьхьенга долуш кхайкхо гӏоьртира Шемал. Нохчийчохь, Эвтарахь, шен имаматера наибаш а, ӏеламчаш а гулбина, цигахь цо дӏахаийтира шен ойла. Амма нохчийн наибаш сацамболлуш дуьхьалбевлира Шемална. Хьо велла йа дӏаваьккхина, имамаллин меттиг мукъа йисахь, имамалла тур ира долчуьнга дӏалур ду шаьш аьлла.
Шемалан имаматан тӏаьххьарчу ткъа шарахь цуьнан экономикин бух а, цунна тӏемалой а латториг Нохчийчоь йара. Цул сов, Шемалан генералитетан дукхах а, уггар хьуьнаре, говза а тӏеман начальникаш бара нохчийн наибаш.
Хӏетте а, тӏеман гӏуллакхаш дуьззина нохчийн наибашкахь дитинехь а, амма царах а, йа нохчийн динадайх а цхьа а шен политикин, идеологин аппаратан органна – диванна – йукъа ца вуьтура Шемала. Диване ховшурш дагестанхойн наибаш а, динадай а бара.
Шовзткъалгӏа шераш чекхдовлуш имаматан лакхенгахь масех «политически парти» кхоллайелира. Уьш вовшашна а, Шемална а дуьхьал йара. Доцца аьлча, шайн-шайн хьашташ кхочушдан гӏерташ, интригаш лелайора цара. Оцу партешна йукъабоьлхура султанийн а, бекийн а цӏийнех схьабевлла нах. Церан лидерш бара наибаш Дениел-бек Елисуйский а, Кибит-Махьма Каратинский а, Хьаьжа-Мурд Хунзахский а. Цкъацкъа Дениел-бекан партигахьа волура цуьнан нуц волу Шемалан кӏант Гӏеза-Махьма а.