Йуьхьанца бартбоцуш хилла церан и болам, цхьа ткъе итт шо даьлча, буьрсачу ницкъе бирзира. Къийсаман хӏор а керлачу муьро хьалхатоьттура гӏарабевлла говза, хьекъале, майра тхьамданаш. Шлиссельбургски набахтехь веллачу шайх Мансуран метта гӏеттира Бийболат. Тӏаккха Гӏеза-молла, Шемал. Шемала малхбузехьара ламанхой гӏовтто а, царна тӏехь куьйгалла дан а вахийтина нохчо Мохьмад-Эмин а. Цигарчу къаьмнийн меттанаш а йа гӏиллакхаш а ца хууш, цхьана буйнахь Къуръан а, вукху буйнахь тур а долуш 1848-чу шарахь цига ваханчу Мохьмад-Эмина, цхьа-ши шо хьовзале и халкъаш цхьаьна а тоьхна, болийна къийсам Шемал йийсаре ваханчул тӏаьхьа йалх шо даьлча, 1864-чу шарахь, сацийра.
Тӏеман тӏаьххьарчу ткъа шаро кхоьллира гӏарабевлла полководцаш: цӏонтаройн Шоӏип, шелахойн Тӏелхаг, алдахойн Юсуп-Хьаьжа, гиххойн Сайдулла, шотойн Атаби, курчалойн Ботукъа, Саӏду, аьккхийн Гӏойтамар, Уллуби, бенойн Бойсагӏар, зумсойн ӏумма, нойбоьрахойн Эска, гендарганойн ӏиса, веданхойн Элдар, Эдал, мартанхойн Дуба, ӏалха, Тапа, Хьамзат, кхиберш а.
Шоӏипа а, Тӏелхага а дуьненан тӏеман исторехь керла школа кхоьллира. Хьаннашкахь буьйсанна тӏом барехь керла тактика йукъайалийначу Шоӏипах ӏемира оьрсийн инарлаш. Цо дуьххьара тӏеман историна йукъайалийра эскар даьржина тӏелета тактика. Тӏелхага дуьххьара кхоьллира «кхалхош» йолу батарея.
Нохчийчохь тӏеман лаккхара школа чекхйаьккхира тӏаьхьа туркошна тӏехь толамаш баьхначу оьрсийн эскарийн инарлаша: Орбелианис, Бебутовс, Бриммера, Тер-Гукасовс, Лазаревс, Крымски тӏеман турпалхоша Лиддерса, Тотлебена, Йуккъерчу Азера ханстваш кхиамца дӏалецначу инарло Кауфмана, тӏаьхьа Россин тӏеман министраш хиллачу инарлаша: Чернышевс, Милютина.
Кхузахь нохчашца тӏамехь ӏеминера тӏаьхьа лаьмнашкахь а, хьаннашкахь а бечу тӏемийн гӏарабевлла говзанчаш-инарлаш: Граббе, Фезе, Розенгӏар, Круковский, Слепцов, Бакланов, Гурко, Врангель, Николаигӏар, Евдокимов, Барятинский, и. дӏ. кхин а.
Амма оцу инарлех цхьа а вацара, нохчийн наибийн тохаршна кӏел букъ а берзийна, цкъа йа масазза а вадаза.