Нохчий вайн дозанашкахь сецо гӏертар бу уьш шайн ма-хуьллу. Кхелхарш маситта партешка а бекъна, хӏор а парти йуккъехь кхаа дийнан некъ буьтуш, ца бигча, цкъа-делахь, пхи эзар цхьаьнаметта дӏабига йоккха ӏалагӏожа йу иза, шолгӏа-делахь, оцу некъан бохалла зуламаш ца деш ӏийр бац уьш. Цкъа хьалха, цхьа тешамболлу эпсарш коьрте а хӏиттийна, цхьа-ши парти дӏа а хьажийна, церан лорах буьгур бу вай бисинарш а. Ас хьалха ма-аллара, ӏаламат дика хир дара, кхелхачийн гӏуллакхна чрезвычайни а, полномочин а бакъонаш йелла, цхьа тешамболлу эпсар хьалххе буха дӏавахийтича.
– Оха билгалвина иштта эпсар. Хьоьгара хаам ма-хиллинехь, Эрзеруме гӏур ву генеральни штабан капитан Зеленый. Ӏаламат низам долуш, оьзда эпсар ву иза. Ткъа тобанийн эпсарш кхузара айхьа билгалбаха.
– Церан список-м хӏинцале а хӏоттийнера ас. Хьалха со Тифлисе веача аш деллачу пурбанца, ас Кундуховга аьлла, цуьнан цӏенойх а, махках а догӏу ахча хьалхара итт парти новкъа йаьлча дӏалур ду, важа пхи эзар сом – цуьнан шен доьзал Владикавказера дӏа новкъа баьлча. Сайдуллина пхи эзар, ткъа Цугаевна ши эзар сом дала дош а делла ас. Кхалха аьтто боцчу къечу нахана сту-говр оьцуш дойъур ду Сайдуллина деллачух ах. Цугаев дог иккхина цӏеххьана кхалхаро гӏеххьачул хало йина тхуна. Амма цуьнан меттана кхин стаг карийна. Цуьнан вешин кӏант Шамхалбек. Суна хетарехь, кхалхош хинйолу йерриг харж кхузткъе итт эзар соьмал тӏех йер йац. Цул сов, Александр Петрович, вай ссылке бахийтина зуькархой Одессехула Трапезунде бигарна сихо йайтахьа. Уьш Турце бигна аьлла, даржийна оха нохчашлахь.
Цаьршиннан къамел йукъахдаьккхира, йайн неӏ тухуш, дари декош чоьхьайаьллачу хӏусамнанас.
– Александр Петрович, эхь ца хетий шуьшинна! – оьгӏазйаханчуха балда а дахдеш, барт туьйхира цо. – Селхана дуьйна тхан гӏалахь ву хьо. Хьайца охьахаа аьтто-м муххале а ца хилийтира ахь, тӏе, соьгара майра а дӏаваьккхина. Хӏун ду хӏара ша? Дийнахь-бусий шайн гӏуллакхаш айъина. Декъаза адамаш ду-кх тхо, шун зударий! Валол ший а цӏа. Сан мехкарий а бу шуна сагатдеш.
– Нина Ивановна! Бехке ву со! Тховсалера суьйре хьан йу-кх. Вало, Михаил Тарелович. Ваьшшиннан хьомсара нохчий тховса паргӏат буьтур вайша!