Сийсара Андригӏаьргахь буьйса а йаьккхина, ӏуьйранна хьалххе базара ваьллера иза. Вуьшта а халла ӏаьнах даьлла йеттий, старгӏий, бехачу некъо гӏелдина, гуттар дакъаздаьллера. Селхана иза а, Коьра а кхуза кхаьчча, чожаш чу а кхетта, массо пӏенда тӏе а баьлла, настарш йегош, халла ирахь соьцура уьш. Сийсара Андрис сийна йол а, хӏоъ а баийна, диларш мийлийна, дузийна и шиъ тахана жимма бӏаьрла гора.
Хӏара кхалхар йукъадаллалц бежанийн мах туьманера хьала кхаа туьмане пхеа соьме болура, ткъа стерчийн мах пхийтта сом, ши туьман пхи сом бара. Кху некъехь мел дикачу аттах а ца лора шина туьманал пхеа соьмал тӏех. Стерчийн мах хьалабаьллера.
Базарахь даьхнина улло хӏоьттина латтар бен, цхьаьнцце мах буьйцуш вацара Мӏаьчиг. Оцу дийнахь шен болх а, садаӏар а дитина цуьнан гӏуллакхна араваьллачу Андрейс, цкъа хьалха Мӏаьчигца мах хӏоттийна, йетт а, старгӏа а дохкаран гӏуллакх шен караийцира. Мӏаьчиган йетт, дӏора дикачу даьхнех а боцуш, амма хаза дегӏ долуш, машанна дика йетт бара. Хьалха-м лаххара а кхо туьма лур дара цунах, амма тахана цхьа а пхийтта соьмал хьала ца волура. Цхьадика, старгӏа ӏуьйрре дӏайоьхкира цара шина туьманах кхаа соьмах.
– Пхийтта сом лур ду шуна аттах, – олура тӏе мел веанчо.
– Хьо хьера-м ца ваьлла? Пхийтта сом бохург хӏун ду хӏоккхул нисбеллачу аттах! – оьгӏазъоьхура Андрей.
– Йетт хилла лаьттара хӏара заӏар! – пӏендаршна тӏе пӏелгийн голаш йетташ, вота санна, гай йекайора гӏалгӏазкхаша. – Пхийтта сом – кхин кепек сов лур дац.
– Баркалла хьуна! Хьайн стунненера оьцур ахь.
Сов дала гӏоьртинарг кхечара йухавоккхура:
– Хӏей, гӏалгӏазкхи, эрна ахча ма дайъа! Жимма ӏийча, и кӏунзал вай бохучунна тӏебогӏур бу хьуна. И ца боьхкича, шен туркой болчу кхелхийла ма дац цуьнан. Ткъа вай ца эцча, цуьнгара иза эца кхин стаг вац.
– Ши мах белла а, и къуй сихха гучуьра дӏабахар гӏоли хетара суна-м.
– Ма кхералахь, гӏур бу хьуна уьш! Ца гӏахь, вай хӏара агӏо а къахьйийр йу!
Мӏаьчиг ца кхетара цара дуьйцучух. Амма церан терсаро а, цабезамца къегачу бӏаьргаша а иза кхиавора церан къамелах. Андрейс дов ца дора цаьрца. Резавоцуш корта а лестош, доцца кхуссура:
– Декъаза адамаш! Дегнех тӏулгаш хилла-кх шун!