Йайна тӏаьхье!
– Хӏай, къонах, хӏай, и хӏун ду ахь дуьйцург? – ша волчуьра схьа вистхилира дехьо лаьттачу нахах цхьаъ. – Нах-м хазахета ца боьлхий цига, цабевллачу денна боьлху. Кхузахь мацалла ца бала. Шайл тӏаьхьа шайн берех керстанаш хиларна кхоьруш, шайн зударий сийсазбарна кхоьруш. Шен са дадийна ца воьду цхьа а!
Оцу стагаца ӏалха дов деш а витина, Андрейний, Коьриний тӏевахара Мӏаьчиг. Ша дӏатесначохь и ца гаре догдохуш, генара дуьйна бӏаьргашца шен йетт лоьхура цо. Амма йетт цара ӏуьйранна дӏатессинчохь лаьттара, чож чу а кхетта, настарш тӏехула охьа кхош ихна, кхузара дӏагӏо вай бохуш санна, тӏевогӏучу Мӏаьчиге гӏийла хьоьжуш.
– Шина туьманал тӏех кепек ца ло цхьаммо а, – элира цуьнга Андрейс, доккха са а даьккхина. – Ткъа кхуьнан лаххара а ткъе пхиъ сом мах бу.
– Дӏалур бара-кх. Ас-м берхӏиттаннах ло, ма элира хьоьга. Даьхний дорах ма ду. Тӏехула тӏе, ши сту боцуш дӏа гӏойла а ма дац сан, – гӏелвелира Мӏаьчиг. – Тӏаьхь-тӏаьхьа даздала мега стерчий.
– Гуш лаьтташехь пхи сом зен а муха дийр ду? Хьо санначу мискачу стагана, махках волуш а хилча, цхьа кепек дерг а дуккха ахча ма ду. Де суьйренгахьа лестича, ткъе пхиъ даларга догдохура ас. И шиъ безаш хьо гонаха хьийзина ши сту хӏетале цхьамма эцарна а кхоьру-кх. Дика мехехь, кегий догӏмаш долуш, кхаба атта хир болуш ши сту бу и шиъ.
Мӏаьчига гӏийла бӏаьрг туьйхира дехьа кертах тесна лаьттачу тайшачу шина старе. Лоха, горга, кегий догӏмаш долуш, каде хир болуш ши сту бара и шиъ. Дика-м, дера, даккхий стерчий ма дара. Амма, цкъа-делахь, Мӏаьчиган ницкъ бацара даккхий стерчий эца, шолгӏа-делахь, хьанна хаьа, гена новкъахь лело хала хила а ма тарлора. Кхаба атта хир болуш, ламанан ши сту бара гӏумкичо бухкург. Ӏуьйранна-м ворхӏ туьма доцуш ца белира цо и шиъ. Оццул ахча Мӏаьчиган хуьлийла а дацара.
– Оцу шина старах хӏун дала реза хир вара хьо? – хаьттира цуьнга Андрейс.
Мӏаьчига, цхьана кога тӏера вукхунна тӏе а вазвелла, кӏесаркӏаг чу мӏараш хьаькхира.
– Жимма хьалха-м, шина стеран мах, мел дӏасабиттича а, деа туьманал, деа туьманал пхеа соьмал тӏех бер бацара. Хӏинца даздина-кх уьш. Тхан бохамах пайдаэца гӏерташ воллу-кх массо а, – доккха садаьккхира цо.