хӏуттура. Къонахалла ца тоьура. Тахана-кхана бохуш, хан йуьйлуьйтура. Цхьа буьйса а сайца чохь адам долуш йаккха лууш. Сайн оьмар йеха йоцийла хууш. Сайл тӏаьхьа со да волу хӏума хьуна а, хьан цӏерачу доьзална а дита…
Эсетан кийрахь гулло шад легашка гӏертара. Даккхийчу къурдаша йуханехьа кийра теӏадора уьш. Цуьнан баккхий ӏаьржа бӏаьргаш, тӏаьхь-тӏаьхьа къегаш, сирлачу хих буьзира. Уьш ара ца хьалхийта гӏерташ, бӏаьрнегӏарш тӏетеӏадора цо. Амма царна йуккъехула схьаӏийдало уьш, негӏарийн дуькъачу, дехачу, ӏаьржачу цӏоцкъамех тасаделла, чухьалха кхоьруш санна, гуллуш лаьттина, тӏаккха, цӏеххьана охьахецаделла, нийсачу меран шина агӏошца охьахьаьлхина, махо дакъийначу балдашлахь къайладевлира. Бӏаьрхиша хӏиттийначу мархашна йуккъехула цхьана минотана цунна хьалхахула чекхвелира итт шо хьалхалера Гати. Йуьртах болучу йа йуьрта боьрзучу бӏоне хьовса арабевллачу мехкарийн бӏаьрг тӏехь соьцура карзахечу хьаргӏачу динахь хуьлучу къоначу тӏемалочунна. Хӏетта маж-мекх даьлла оза, йеха йуьхь, лекха хьаж, седарчий санна, богу ӏаьржа бӏаьргаш. Шуьйра белшаш, йуткъа гӏодайукъ тӏекъуьйлуш дихкина кхелина герзаш а. Иза велавелча, гучудовлура, шагатӏулгаш санна, кӏайчу цергийн нийса могӏанаш, шерачу беснеш тӏехь кӏаьгнаш хӏуьттура. Хӏетахь жимачу Эсетна гора мехкарша цунна туй туьйсуш, ирсе кхаж баьллачу Белитега уьш хьегарца хьуьйсуш. Ткъа хӏинца…
– Хонкара кхелхаш хилча, хӏара къа хӏунда хьоьгу, бах ахь? – аркъал ӏуьллу Гати, пхьаьрсан гола лаьттах а товжош, Эсетехьа вирзира. – Хӏара кха а, вайн цӏенош а, даьхний а хьуна дуьсур ма ду. Со дӏаволалучу дийнахь Маккхал а, ӏела а, Чора а схьа а кхайкхина, уьш тешаш а хӏиттийна, и дерриг хьуна урдонна кхачош, йуьтур йу ас хьо. Шахьел тӏаьхьа хьоьгара уьш дӏаийзо стаг вац сан. Тхойша Хонкара дӏавоьду. Со, дӏа ма-кхеччи, лийр ву. Дӏакхочий а хаац.
Эсета сецочу йелхаран къурдийн дуьхьало хедира. Цӏеххьана йега а йелла, къаьхьа мохь аьлла, йахана, иза мара а вуллуш, Гатина тӏейуьйжира.
– Ма йелха, Эсет, – цуьнан йаьржинчу кӏедачу месех куьг хьоькхура Гатис. – Белита дуьненахь йисинехь, и йоцург зуда йалор йацара ас. Иза даг тӏера