– Кху шарахь гӏаттам боло реза вуй хьо? – хаьттира Залмас.
– Вац. Цунах дерг Берсас аьлла. Амма Берсиний, Аьрзуний, суний лууш цхьаъ ду. Оьрсийн паччахьан кхечу паччахьашца тӏом ца болабелча, шена дуьхьал ма-гӏевттинехь, цо шен берриг ницкъ вайна тӏетоттур бу. Цхьаьнца тӏом болабелча, кхузара дукхахболу шен ницкъ цига дӏаоза беза цо. Тӏаккха вайна боккха аьтто хир бу цунах. Тхо кхаанна луург хӏун ду аьлча: керла гӏаттам ишттачу аьттоне дӏататтар, хӏетталц дерригенна а сатохар, амма оцу денна хаддаза кечамбар. Цул сов, даим а санна, со дуьхьал ву адам гӏазоте кхайкхарна. Оцу гӏазот бохучу дашо а машар хир боцуш мостагӏалла дожадо вайнаханий, керста къаьмнашний йуккъе. И ду шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа кху махкара керста къаьмнаш вайх херадаьхнарг, къийсамехь вай цхьалха дуьтург. Вай хӏинца боло тӏом керстанашна дуьхьал боцуш, ткъа вешан маршонехьа хила беза. Тӏаккха вайна накъостий а, гӏо а карор ду Гуьржех а, Россехь а. Цигара адамаш а ду вайга гӏоьртташ ӏазапехь, вайна санна, оьрсийн паччахьан ӏедал ца дезаш. Хьалха вешан дайша дийлийтина гӏалаташ гуш, уьш нисдеш хила деза вай. И дара суна ала луург.
– Хьайн а, Берсин а, Аьрзун а лаам бу-кх ахь буьйцург?
– Хӏаъ.
– Ахь хӏун олу, Залма?
– Царна тӏетов со а.
– Тозуркъа?
– Кегийраш бакълоь.
– Гӏубха?
– Тхан ойла цхьаъ йу.
– Сайдул-Хьаьжа?
– Кху некъехь тоьлур дац вай. Собардан деза.
– Шоӏип?
– Со реза ву Маккхала бохучунна. Амма кхин а цхьаъ ду суна хеташ. Кечамбарх лаьцна. Паччахьийн тӏом болабаларан сахьт дац. Вайна дагахь а доцчохь, лап-олий тӏом, оьккху. Оцу Польша бохучохь тӏом болабелча, Россехь хилла хьовр-зӏовр долчу хенахь, гӏовтта вайн кечам хиллехь, кху гӏуллакхах цхьа агӏо йаьлла хир йара. Маккхала ма-аллара, вешан ницкъаца тоьлур дац вай. Цхьа аьтто боллу йукъ а лехна, гӏевттича а, оьшу вайна гӏо. Суна хӏун хетара аьлча, вайнах Хонкара кхелхачу йукъах пайда а эцна, церан паччахье гӏо дехча бакъахьа дарий-техьа вай?
– Цкъа а цаделларг хӏинца ло цо?
– Мацах цкъа вала воллучу майрачунна йуххе хиъна зуда хилла боху-кх, хьол тӏаьхьа ша маре гӏур йац хьуна, сапаргӏат хилалахь бохуш, цуьнан догъэца гӏерташ. «Делхьа, зуда, ма хала дара-кх, хьох тешна,