«Оьрсийн царизмо халкъашлахь лело
политика маршонна, халкъашна дуьхьал,
демократина дуьхьал, белхалойн
классана дуьхьал, адамашна дуьйцу
а ца хезначу зуламийн, уггар боьхачу,
сийдоцчу интригийн йеха цхьа зӏе йу…»
В. И. Ленин
Сатосучу хенахь Бенара арабевлла Берсагӏар, ӏуьйранна кхеттачу малхо Яьссина аьрру агӏор лаьтта лекха дукъ къагийча, цунна вукху агӏорхьарчу Сесана-Корта басара тогӏи чу когаш хецна ӏуьллучу Сесана кхечира.
Кхузахь, лакхо гу тӏехь, ширачу кешнашкахь дӏавоьллина ву нохчий къоман маршонехьа къийсаман гӏараваьлла баьчча – шайх Ташу-Хьаьжа. Кешнашна йуккъехь айъаделла го тӏулгах дина тӏе кӏайн эчиг тоьхна тхов болу деакӏов зерат.
Хин аьрру агӏон тӏехь, лакхара схьа тӏе а кхевдина, кхозу сазлаттан гӏамаран стаммий чкъоьрнаш долу лекха берд. Оцу берда тӏера дӏа малхбузехьа доьду ткъа шо хьалха гӏарабевллачу нохчийн наибаша инарла-адъютант Воронцов вохийна Коьжалка-Дукъ. Цуьнан къилбаседа агӏонца йу лахо, хи йистехь, лекхачу берда тӏехь ӏаьларара дукха хан йоццуш хьалабаьхкинчу наха йехкина йарташ – ӏиси-Юрт а, Тӏуртӏи-Кӏотар а.
Дукъан къилбехьарчу агӏонца боьрахула хьала малхбузехьа боьду некъ Шоьнахула, Ялхой-Махкахула, Жугӏуртахула дӏа Бӏаьчи-Юьртехьа арен тӏе болу.
Сесана кхаччалц цхьаьна веара Болатха, Шоӏип, Берса, Маккхал, Аьрзу а. Тоба йина кхидӏа ца вахархьама а долуш, Болатхий, цӏа кхача воллалц Берсин накъост хинволу Шоӏиппий кхузахь сецира, шаьш-шиъ, зерате а хӏуттуш, делккъалц собар а дина, тӏаьхьавогӏур аьлла.
Яьссил дехьаваьлча, мар-мара а иккхина, дӏасакъаьстира важа кхо доттагӏ а: Аьрзуй, Маккхаллий – хин аьрру йистаца охьа, ткъа Берса – Шоьнахула хьалабоьдучу новкъа.
Накъостех къаьстина, цхьа висича, ойланаша дӏалецира Берса. Некъана шина а агӏор тӏекхевдинчу пепнийн къеначу хьаннаша, бӏаьстенна кечдала гӏертачу ӏаламо, раьгӏнийн басенех летта, чӏегӏардигийн баннаш санна, йохкучу кегийчу мискачу йарташа кӏорге лоьхкура цуьнан ойланаш. Тӏамо маситтаза йохийначул, йагийначул тӏаьхьа, хӏинцца, халла сауьйзуш, денйала гӏертачу цара, шаьлтанца асанаш йохуш, доруш охьадуьллуш