Жамӏ муха ду? Маситта шарахь, вовшийн хӏаллакбеш, тӏом, халкъашна йукъахь цабезам, цатешам, мостагӏалла а. Нохчийн уггар дикачуьра ах мохк дӏабаьккхина. Йеккъа цхьана Соьлжан отделехь биъ бӏе эзар десятин гергга цаьргара дӏабаьккхина мохк гӏалгӏазкхашна дӏабелла. Доцца аьлча, хӏокху тӏаьххьарчу шовзткъе итт шарахь церан махка тӏе ткъа сов станица а, оццул тӏеман чӏагӏонаш а йехкина правительствос. Кубанан областера, берриг а бохург санна, ламанхой Турце дӏакхалхош бу.
– Хӏумма а дац, Муса Алхазович, – бендоцуш куьг ластийра Лорис-Меликовс. – Бухахь биснарш муьтӏахь хир бу, уьстагӏий санна. Йуккъехула аьлча, инарла, лаьттан гӏуллакх йукъадаьлча, массара а и гӏалгӏазкхий бен хӏунда ца хьехабо? Бакъду, мохк боькъуш, лоьман дакъа-м дина царна. Амма ламанхойн латта дӏакхаьллинарш цхьа гӏалгӏазкхий хилла ца ӏа. Хьан долахь мел мохк бу, Муса Алхазович?
Кундухов вуьйхира.
– Ши эзар десятинал алсам… Иза нохчийн латта ма дац…
– Хӏун башхо йу цуьнан? Вай ламанхой ма буьйцу. Ткъа хӏинца беккъа цхьана нохчех дуьйцур вай. Элаша Таймазовссий, Бекович-Черкасскийссий мел дӏакхаьллина?
– Хӏораннан долахь йалх-ах эзар десятин дуй-те, моьтту суна.
– Хӏай-хӏай! Циггахь дӏадоьллина и жӏаьла! Элийн Алхазовн, Турловн долахь шишша эзар десятин, эластун Эльдарован – цхьаъ-ах эзар. Ткъа нохчийн эпсарша Чермоевгӏара, Шамурзаевгӏара, Курумовгӏара, кхин иттаннаша хӏораммо а – шина бӏенера ворхӏ бӏе десятине кхаччалц. Важа, шайн долахь шина бӏе десятин кхаччалц латтанаш долу совдегарш, молланаш, кхидолу кег-мерса цӏубдарш-м хьехор а дацара вай. Хӏета, нохчийн бохамна бехке цхьа гӏалгӏазкхий хилла ца ӏа. Гӏалгӏазкхийн-м бехказло а йара. Уьш-м, нуьцкъаха балийна, охьаховшийна нохчийн махка тӏе. Ткъа шун компанис, Муса Алхазович, шайн лаамехь дӏа ма лаьцна ламанхойн мехкаш. Шайн вежарех цуьрриг къа а ца хеташ. Иэхь а ца хеташ. Нохчийн цабезам, мостагӏалла а беккъа цхьана гӏалгӏазкхашций бен дац, моьтту хьуна? Хӏан-хӏа, хьомсарниг, кхузахь гӏалатваьлла хьо. Нагахь нохчий гӏовттахь, уьш толахь, цара уггар хьалха мийра шун компанина тухур бу! Тӏаккха шайн поместьех девлла ӏийр дац, сонтачу кортойх довла а мега.