шайн даймохк ларбан дӏахӏиттина. Царна гӏоьнна баьхкина дуккха а халкъийн кӏентий. Ас хьуна бийца оьшуш бац гречески, польски, французски, итальянски халкъаша латто турпала къийсам. Царна-м кхечу халкъаший, пачхьалкхаший гӏо деш меттиг а нислора, амма кху кхузткъа шарахь хьан жимачу халкъана ца хилла цхьаьнггера а гӏо. Ткъа хьо, хьайн халкъана кху халачу хенахь, цуьнан мостагӏчун эскаран магӏаре а хӏоьттина, цо санна, шайн маршонехьа къуьйсурш Европехь хьоьшуш лела. Венгрин халкъо австрийски империна дуьхьал беш болу тӏом хьан къомана гӏо дара. Кху гӏуллакхо кавказски тӏамера бӏе шовзткъа эзар салт цхьана ханна схьаваьккхина. Хьан къомо шена тӏе паччахьан дуккха а ницкъ озоро оьмар йахйира европейски халкъийн революцин. Ойла йел хьайна, кхузахь революционни эскарех летча а, хьайн халкъах лета хьо, Россехь ахархойн гӏаттам хьаьшча а, хьайн халкъан аьтто бохабо ахь. Ахь хӏинца лелориг а, кавказски фронтехь нохчашна дуьхьал летча а – цхьабосса ду. Мила ву фельдмаршал Паскевич? Ермолов дӏа а ваьккхина, паччахьо цуьнан метта Нохчийчу хьажийнарг ву-кх. Ткъа Лиддерс? Хаддаза хьан халкъан цӏий ӏенийна, амма, Далла бу хастам, нохчаша масазза а йиттина гӏибаваьккхина инарла ву иза. Ткъа хьо, кхин эхь ца хеташ, жӏаьла санна, царна гӏуллакхдеш лела. Хӏан-хӏа, Берса, хьо нохчо вац, велахьара, тахана хьайн халкъаца хир вара хьо! Хьайн халкъан цӏийх прапорщик хилла хьо, венгрин цӏий ӏенийна, капитанан чин даьккхина ахь.
Кисанара схьадаьккхина даточу гӏутакхара схьаэцна цигаьрка а латийна, боккха баьккхина кӏур чутуьйхира Гусевс. Берса, мотт сецча санна, вист ца хуьлуш лаьттара. Цунна ца хаьара, хӏун аьлла жоп лур ду. Иза бехке вара. Цунна къера а хилла, кӏелсецнера иза.
– Хьуна хезарий, Берса, полковнико сан бехкевар? Императорний, даймахканий йамарт хилла бохий-ца! Хӏан-хӏа, Берса, иза иштта дац. Уьш кхетац сох. Даймохк! Амма император, цуьнан хьадалчаш а – иза Росси йац. Иза бац сан даймохк. Росси – иза миллионни оьрсийн халкъ ду. Хӏаъ, цкъа а цхьанне а дохкалуш а, эцалуш а доцу, бодане, миска оьрсийн халкъ. Дагарш, шаданаш, мангалш кара а эцна, татаро-монголаш, польски, немецки,