ӏедалехьа буьйлура даа рицкъа а, тӏейуха бедар а, берашна шура йаккха бежана а доцу, ткъех шарахь цхьана сохьтана а ца хедаш, хаддаза хиллачу буьрсачу тӏамо гӏелбина, ницкъ кхачийна, ах сов божарий тӏамо хӏаллакбина нохчий. Берсина шера хаьара толам паччахьан эскарийн карахь буйла, Нохчийчоьно тӏаьххьара сауьзийла.
«Хӏун де-те ас? – хоьттура цо шега ша дуьххьара Нохчийчу походе воьдучу дийнахь. – Со сайчаьргахьа валарх, уьш тоьлур бац. Тӏаккха йуханехьа некъ а суна хир бац. Тӏаккха йов тӏеман карьера. Тӏаккха, дуьненах хаьдда, таллархочо хьийзо экха санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула ваьлла лела дезар ду сан. Нагахь со сайн меттехь ӏахь, ахча а, чинаш а, самукъане дахар а хир ду…»
Дерриг къастийра оцу дийнахь Гелдагана уллохь хиллачу тӏамо.
Берсина оцу дийнахь дуьххьара гира тӏамехь леташ нохчий. Царна йуккъехь бара сирбелла баккхий нах а, маж-мекх далаза бераш а…
Берсина хаьара паччахьо шен эскарш керла мехкаш дӏалеца, кхидолу къаьмнаш тало, дворянийн хьал-бахам алсамбаккха тӏаме лоьхкийла. Инарлаша, эпсарша салтий тӏелоьхку, хьерабевлча санна. Цӏийх ца ӏеба церан сутара бӏаьргаш, тӏулган дегнаш. Тахана цӏийӏанорна царна чинаш, хьал лур ду. Цаьргахь герз ду, шортта тӏедуха а, даа а ду церан. Ткъа царна дуьхьал летачу къоьжачу нехан, берийн? Хӏан-хӏа, цара, дуьххьалдӏа маршоней бен, кхин хӏуммане а са ца туьйсу. Уьш, шайн даймохк, шайн доьзалш, шайн синош лардан гӏерташ, оьгу. «Уьш бац ткъа сан дай, сан вежарий?» – хоьттура цо ша-шега, гу тӏера дӏа тӏаме а хьоьжуш. Ткъа иза йукъахь волу полк, цкъачунна тӏамна йукъа ца йоьдуш, резервехь лаьттара.
Эххар а зурмано хаам кхайкхийра. Шен сотнина хьалха а ваьлла, хьалалаьцна тур а долуш, гух чу говр хийцира Берсас.
Амма ойланаша цуьнан синтем байъинера: «Алешка Гусев вацара ткъа оьрсийн дворянин, эпсар? Цуьнга ца хьоьжура ткъа хьалхахьа ирсе дахар, чинаш, тӏеман карьера? Шайна аттаниг лоьхуш эгна ткъа къийсамехь испански эпсарш Риего, Квирога, грекийн эла Ипсилантий, валах Тудор Владимиреску? Шен ойла йора ткъа Шегошварена уллохь оха вийначу Шандора Петефис? Ткъа Гарибальди стенан дуьхьа лела дуьненахь маршонан байракх мел