бошмаша тӏехула тхов а тесна ӏуьллучу Гати-Юьртан машаре дахар. Ӏелина ца хезира оцу йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша йурт отуш, цӏеран меттанаша цӏенош худуш, ца хезира цӏеххьана хӏоьттинчу оцу къемат-дийно хьерединчу дохно хьоькху акха маьхьарий, ца гира гаттийчу урамашкахь ӏохкучу декъашна кӏелхула йолайелла цӏийн ӏовраш. Цунна ца хаьара хӏумма а. Иза оцу дийнахь ненан кийрахь вара, ткъа нана, кхечу зударшца, берашца цхьаьна оцу къемат-дийнах йедда, орцахь, кху ӏаьрчхехь лечкъина ӏара.
Ненан кийрахь ӏуьллучу цунна ца хаьара шен да а, дейтта шо кхаьчна ваша Лоьма а йогучу йуьртахь мостагӏех леташ вуйла, ткъа нана, пхи шо кхаьчна Аьрзуй, цул йоккха ши йоӏӏий мара а къуьйлуш, важа зударий санна, йуьрта са а диллина ӏаш йуйла.
Цунна цул тӏаьхьа масех шо даьлча бен ца хиира, оцу буса байъинчийн декъий дохьуш орца йухабевллачу йуьртахоша майрачун дакъа а, чов хилла Лоьма а шена хьалха веача, шийла мохь баьлла охьайоьжначу нанас хӏокху зоьрталчу попа кӏел ша хеназа дуьнен чу ваккхар. Берзан кӏеза санна, шен дуьнен чу валар акхачу хьуьн чохь, йоьхначу буса хилар.
Декъаза хилла цуьнан дуьнен чу волу буьйса, ӏаьржа буьйса хилла дӏайоьду цул тӏаьхьа цо дуьнен чохь йоккху хан а.
Дагийначу цӏенойн метта керла цӏенош дуьйгӏира цара.
Цул тӏаьхьа дейтта шо даьлча, уьш лардеш, шен къона дахар дӏадала дийзира ӏелагӏарна ден метта висинчу Лоьмин.
Оцу дийнахь паччахьан эскарша цӏеххьана диначу тӏелатаро хӏоттийначу инзаречу суьртан теш ша а хилира ӏела.
И де гуттаренна даг чохь дисина цунна. Оцу дийнахь байъинчийн декъий наха дӏадухкуш иза а вара кешнашкахь. Декъий бармашкахь ца кхоьхьура кешнашка. Цунна боьрша нах ца тоьура. Уьш ворданашкахь кхоьхьура цига. Оьгӏазаллех йуьзначу йаххьашца герзах боьттинчу наха бист ца хуьлуш лаьтте лора шайн дайн, нанойн, зударийн, йижарийн, вежарийн, кӏентийн, йоӏарийн декъий. Хӏетталц баьсса лаьттинчу сийначу бай тӏехь оцу цхьана дийнахь цхьа бӏе сов кошан барз, хӏолламийн хьун хӏоьттира.
Иза тӏаьххьара де дацара буьрсачу тӏеман. Дуьнен чохь а нуьцкъала, йоккха пачхьалкх, дуьнен чохь къизачарлахь а къиза паччахь шен берриг ницкъаца церан жимачу, маьршачу махка гӏертара.