ворда. Стерчийн дуьхьлоцу а лаьцна, корта а оллийна, кхоьлина хьалха вогӏура Коьра. Ворданна тӏехь, кхераделлачу берашна йуккъехь, ши бӏаьрг цӏийбина хиъна ӏара Зазу. Куьйгаш букъа тӏехьа а дехкина, меллаша гӏулчаш йохуш, тӏаьхьавогӏура Мӏаьчиг а, Васал а.
– Вон воьду хьо, Мӏаьчиг, – бохура Васала. – Соьга ла ца дуьйгӏи ахь.
– Даг тӏе туьха ма тийсахьа, Васал, – жоп делира Мӏаьчига, лаьттан бӏаьра а вогӏавелла. – Кийра богу сан, алу хилла. Йух-йуха а ма дийцахьа…
– Хонкарахь шуна ирс карор ду бохучух кӏезиг теша со. Дала аьтто болда шун!
– Баркалла хьуна, Васал! Дика доттагӏ ву хьо. Догцӏена.
– Нагахь хьайна моьттург ца хилахь, сихха цӏа верзалахь.
– Дика ду, Васал.
– Даймохк боцу стаг а, велларг а цхьаъ ву, Мӏаьчиг. Хала делахь а, атта делахь а, шен цӏа тоьлу. Нехан йалсаманел шен жоьжахати тоьлу, олуш ду оьрсийн. Нийса дешнаш ду уьш.
– Бакълоь хьо, Васал. Хийрачу махкахь паччахь хилла вехачул, шен махкахь сагӏадехар гӏоли йу, олу вайнаха а. Дерриг хаьа суна, Васал. Амма муха ваха веза кхузахь? Ас дийца ца оьшуш, хьуна хьайна а гина оьрсаша кхузахь динарг, деш дерг а го хьуна. Ас буьйцурш Андри, Корни, Яьшка саннарш бац. Уьш инзаре дика адамаш ду. Уьш санна кхиберш а белахьара, гӏур вацара со Хонкара.
– Иштта ма алал ахь, Мӏаьчиг. Берриг бац дика, амма берриг бохург санна бу дика. Хьуна муьлш гина? Салтий, эпсарш гина. Хьаькамаш гина. Ткъа баккъал болу оьрсий гина бац. Уьш хьайл аттачу хьолехь бу моьтту хьуна? Йа Яшкас дийцинарг дицделла хьуна? Сайн кхолламах лаьцна ас дийцинарг дицделла хьуна? Хьолахой массанхьа а цхьатера бу. Оьрсийниш, нохчийниш, гуьржийниш. Массерниш а. Сутара, къиза. Царна бен вац шайниг а, неханиг а. Турцехь а хир ду изза. Нийсо, бакъо карор йац хьуна, хӏара дуьне мел ду ахь лехарх.
– Сан дог дохадо ахь, доттагӏ.
– Суна къинтӏера валалахь, Мӏаьчиг.
Цхьа масех минотехь вист ца хуьлуш вахара и шиъ.
– Шаьш дӏакхаьчча, кехат йазделахь, Мӏаьчиг.
– Схьа хьан дохьур ду иза?
– Йуха цӏа вогӏуш стаг нисвала а мега.
– Дика ду, Васал. Йаздийр ду ас.
– Хьан керт-ковн доладийр ду хьуна ас. Цигахь хьо дукха ӏийр вац бохуш, хьоьху суна даго.
– Делан карахь ду дерриг а.
Хьалха йоьлху ворданаш регӏан дукъа тӏе йевлира.