– Хӏун дийр ду, ӏаьлбаг? – доккха садаьккхира Коьрас. – Дас аьлларг ца дича ма ца волу.
– Баккхийчаьрца шуна тӏаьхьадовла гӏиртира тхо, – бохура Коьрин эвларчу доттагӏчо Къайсара. – Цара ца дахкийтира. Шу эвлах девлча, веана ӏаьлбаг кхечира. Хӏокхуьнца гӏаш дукъа довлуш дохкуш, йухабирзинчарна тӏеӏоттаделира тхо. Хӏара ӏаьлбаг бахьана долуш, цара говраш йелла, тӏаьхьакхии-кха.
– Баркалла шуна, кӏентий, – баркаллица цаьрга хьоьжура Коьра. – Хала ду нийсаройх къастар. Амма даймахках къастарал доккха вон дац стаге дан. Ши бӏаьрг бекъа белахь а, дагах цӏий ӏийдало сан. Шу гича, сан даг тӏера ах бала айъабели. Дела реза хуьлда шуна! Ӏаьлбаг, йаханчу аьхка лам чохь цхьана буса вай биъна дуй ас цкъа а бицбийр бац. Тхаьш цигахь дӏатарделча, цӏа вогӏур ву со. Шу маршонна гӏевттинчу дийнахь шуна улло дӏахӏотта!
Нах, Мичкал дехьа а бевлла, цунна йистерчу эвла буьйлира. Доттагӏчун сибат гуттаренна а шен даг чу дижо санна, леррина Коьрега хьоьжура ӏаьлбаг. Тахана дуьххьара тидам хилира цуьнан Коьрин беркъачу барзакъан. Зарзделла, летийна тиша чоа, цхарбоьлла кхакханан куй. Гоьлаш тӏе йомеш йиттина, чордачу жӏаймашин хеча. Йакъайелла, салазан мӏаьчигаш санна, буьхьигаш ирхъхьаьвзина неӏармачаш. Йукъахйихкина соврах мерцхагаш дийлина тиша шаьлта. Стохка лома а веанера иза нехан говрахь…
– Шек дӏа ма вала хьо, Коьра! – шен йуьхь тӏе йоьссина гӏайгӏа дӏа а эккхийна, векхавелла, Коьрин белша тӏе куьг туьйхира ӏаьлбага. – Лелар – кӏентан ирс, цӏахь ӏар – йоьӏан ирс, олуш ду вайн. Цкъа дуьнен чухула го тасий, цӏа вола хьо. Амма нохчочун къонахаллех, оьздангаллех ма вохалахь, хьо шаьлтанца воруш, кескаш йеш охьавиллича а. Кхин а ду цхьаъ, Коьра. Туркоша шайн эскаре дика дӏаоьцу, боху, вайн мехкан нах. Церан эскаре хӏотта. Со тешна ву царна йуккъехь хьо сихха лакхавериг хиларх. Вайн баккхийчара догдиллина маршонах. Герз охьа а диллина, доӏина куьйгаш леца боьлла уьш. Амма доӏанаш дарх маршо хир йац. Иза туьрца йаккха йеза. И аьлча-м, цара аьттехьа а ца дуьту. Тӏекхуьучу чкъурах ца беша. Йайна тӏаьхье йу, олу. Царна моьттург бакъдоцийла хоуьйтур ду вай, ваьш даккхий хилча.
1. Жӏахойн, суьйлин машин.