Цигашха тӏехволучу некъахочо эр ду: «Кхузахь баьхна, кхузахь летта, кхузахь шайн кортош охьадехкина шайн декхар сийлаллица кхочушдинчу бӏе эзарнаш оьрсаша». Оцу хӏолламна геннара суждане а оьхуш, некъахочунна тӏаьххье йерриг Россино эр ду: «Даим а хастам хуьлда тхан хьехамчашна! Даим а хастам хуьлда оьрсийн лаьттан къоьнгашна, гӏарабевллачарна. Паччахьан дош кхочушдарна, оьрсийн цӏарна эхь цадарна! Даим а бехийла Кавказски тӏеман безам!»
Цӏен морса чохь лаьтта бокал схьа а эцна, цхьа къурд бина, шен легаш тӏундира Соллогуба.
– Сайн къамел оцу дешнашца чекхдаьккхича а тарлора ас. Амма кху чуьра цхьацца накъосташкара хезначу цхьацца хабарша кхин а дийцарна тӏетоьтту со. Цхьаццамма олуш хезира суна, кавказски тӏом чекхбаьлла, хӏара суьйренаш кхидӏа гулйан оьшурий-те бохург. Царна хетарехь, тховса вай тӏаьххьара а дӏадоха дезара, уггар дукхавеза, тешаме, зевелла доттагӏ лаьттах а воьллина, гӏийла дӏасакъаьста нах санна. Хӏан-хӏа, хьомсара государаш, оцу ойланашна дуьхьал аз цаайъар зуламалла хета суна. Кавказски тӏом чекхбаьлла. Амма чекх ца даьлла вайн декхар. Вай, кавказски крестоносцаш, дӏасадоха ца деза, мелхо а, ваьштатаӏа деза, керлачу походе, кавказски лаьмнаш кхетамца карадерзо. Хьанна ца хаьа вайх Азин тӏаьхьабисина синкхетам, Азин даьӏнаш Россин лоьралле, Россин серлоне хьоьжуш хилар? Керста дино ваьшна йелла серло малхбалехьа йаржо йеза вай. Оцу сийлахьчу декхарна хьалха, тӏехиндолчунна хьалха, дӏаса а девдда, тхо кхин кавказцаш дац, эр ду-те вай? Хӏан-хӏа, и хила йиш йац! Вай маьӏ-маьӏӏе некъашкахула дӏасадаьржина, амма, шарахь цкъа мукъана а вешан «доьзалехь» цхьаьна а кхетта, Кавказехь дан дезачу керлачу гӏуллакхашна ваьш тешаме хиларна, кавказски жӏаран весеташ ваьш сийлаллица кхочушдеш хиларна тоьшалла дан деза вай.
Цундела, хьомсара государаш, хьомсара государынаш, пурба ло суна, сайн къамел балхамашца ца дерзош, ткъа хастамечу дашца чекхдаккха. Пурба ло суна хӏара кад вайн къарцалург къарвинчу, бодане верг серлаваьккхинчу, вайн хьоме даймохк сийлалле кхачийначу, вайн бартана, вайн майраллина, вайн йаккхийчу ойланашна, декхарна, муьтӏахьаллина тӏера айъа. Вайна