иллин кӏеж йоцийла. Мурат-хин къорачу гӏовгӏанах ийна, хӏаваэхь дека и аз, дог ӏовжош, лайн чимаш санна, шийла аьрцнаш тӏе охьадоьлхура:
Ва Делан суьйре хьо, ма гӏайгӏане йеа хьо,
Ва Делан суьйре хьо, ма гӏайгӏане йеа хьо,
Масане да-нана доьзалах къастош йеа хьо,
Ма гӏайгӏане йеа хьо, Делан суьйре, хьо…
Денна хӏаваэ хьийзачу оцу иллин мукъамо мерцина, дагийча санна хетара къилбан аьхкенан йовхоно чахчийна, дерзинадаьхна и лаьмнаш. Оцу дешнаша, гӏийлачу мукъамо кхорзура цаьршиннан бохамаший, халонаший, шаьш дина мокхазан лаьмнаш санна, чӏагӏдина дегнаш. Тогӏи чохь йерзинчу стигала кӏел, аьхкенан бовхачу малхо боттуш, догӏанаша ӏуьйдуш, хан токхура паччахьаша ӏехийна даймахках баьккхинчу нохчийн пхи эзар доьзало. Кхо бутт кхочуш боллура, шаьш биначу лаьмнех къаьстина, оцу хийрачу махкахь массеран а къинхетамах хаьдда, массара а дӏатийсина уьш болу.
Ткъе бархӏ тоба а йина, гонаха салтий, эпсарш хӏиттийна, Нохчийчуьра гӏаш кхуза схьабалийра уьш. Оцу ткъе бархӏ тобанах май беттан ткъе кхоалгӏачу дийнахь Буру-гӏалара дӏа уггар хьалха Турце хьажийначу тобанца нисбеллера Аьрзугӏар. Оцу дийнахь Кавказан лекхачу арца тӏера дӏа даймахке тӏаьххьара бӏаьрг а тоьхна, тӏаьххьара маршалла а делла, арцан къилбехьарчу агӏонах чубирзира уьш.
Доьхна, ирча де дара иза. Махках бовлучу божаршлахь цхьа а стаг вацара Нана-Даймехкан хьоме латта шен цӏийца хьандаза. Вацара иттанаш шерашкахь халкъан маршонехьа латтийначу турпалчу къийсамехь шена тешаме хиларан билгалонан мухӏар даймахко дегӏа тӏе тохаза стаг. Амма оцу дийнахь уьш, даймахкана, дайн кешнашна букъ тоьхна, къилбехьа Кавказан сиртал тӏехьа бевлира.
Хьомечу лаьттах къаьстинехь а, дегнаш ца духуш хилира уьш. Керста динехь белахь а, шаьш санначу ламанхошна йуккъехула баьхкира уьш туркойн дозане кхаччалц. Амма июнь беттан вуьрхӏитталгӏачу дийнахь Хазапински заставехь шаьш туркойн салташка дӏа а делла, оьрсий йухабирзича, гӏеххьачул дуьне кхоьлира царна.
Хонкара… Цабевза хийра мохк, дуьххьара го къам, цадевза церан гӏиллакхаш, мотт…
Кхузахь хийра дара дерриг а.
Иттанаш шерашкахь лаьттинчу тӏамо талийна, бохийна,