Адамаш ӏийначохь цхьа а воцийла хиъча, муцӏар ӏуьттуш лаьттах хьожа а йаьхна, стешха дӏасахьоьжуш и меттиг а теллина, йуха, муцӏарш ирхйерзийна, цкъа-шозза хьожа а баьккхина, некъахошна тӏаьххье гӏашлойн новкъа охьайолайелира и шиъ.
Цӏераш йогура хин тогӏица йолчунийсачу экъанна тӏехь а, ирх раьгӏнаш аьхначу боьранашкахь а.
Шаьш диначу, дехачу хӏусамашкахь, йарташкахь цхьана дийнахь баьхча, шолгӏачу дийнахь ӏойла доцуш леллера и нах дуьззинчу ткъа шарахь. Ткъа масане хилира инзаре ирчаниг. Марта, йа Мичка, йа Яьсси хийн йистошкахь йуькъачу хьуьна йуккъехь, сийначу бошмаша тӏе тхов а лаьцна тахана жима йурт лаьттинчохь кхана кхин сурт хӏуттура. Тӏеман цӏаро дагийначу цӏенойн пенаш, кхарзаделла, цӏийделла, кӏуьро ӏарждина, товханан кхерчах тарлой дӏахӏуьттура. Са дӏадала ца лууш дахарехьа къуьйсуш санна, масех дийнахь ирахь догуш лаьттара стоьмийн дитташ.
Оцу халачу шераша дагахь йоцу говзалла ӏамийначу зударший, бераший цхьана ханна шайн кхерч хӏоттабора декъазчу шайна къинхетаман тӏам хиллачу йуькъачу хьаннашкахь. Амма дегнаш дӏагӏертара шаьш дина хӏусамаш хиллачу, безарш лаьттах боьхкинчу оцу лаьттан кийсак тӏе. Йукъах герз, карахь дагарш долуш божарий, гихь бераш, карахь поппаран карчолгаш йолуш зударий а сихлора къинхетамза дохийна шайн баннаш йухаметтахӏитто.
Иштта дӏаихира и буьрса шераш. Цара ӏамийначу наха кхузахь а, туркойн хийрачу стигала кӏел, сихалха хӏиттийра и чолхе йоцу хӏусамаш.
Буьйса тӏаьхьайахана хан йелахь а, адам дижаза дара. Гӏийла йогучу цӏерашна гонаха хӏоз бина хевшина адамаш гора. Йеха кӏайн мажош йолу баккхий нах, замано дукха белхорна хьела эгначу гӏайгӏанечу бӏаьргашца, баланаша деттинчу дегнаша хебийначу беснешца зударий, дегӏан даьӏахкаш тӏе а йевлла, севсинчу сийначу гайшца, дуьне девзичхьана ирсан де ганза декъаза бераш а.
Туьпа тӏекхоччушехь лаьтта ворданах йина хӏусам. Цунна хьалха йаржийначу истанган бӏегӏаг тӏехь дӏатаьӏна ӏа къоьжа Жонса. Карахь хьийзош ду цо ша дина шога суьлхьанаш. Тӏетаӏийна тиллинчу месалчу куйна кӏелхула хьуьйсу бӏаьргаш цхьана хӏуманна тӏебогӏабелла севцца.