Вайн ӏалашо маршо йу, цуьнан, дуьхьа ду вай мел дийриг.
Сенека
Бӏаьсте…
Массо а садолчу хӏуманна ирс, доккхадер дохьуш йогӏу иза. Цунах даккхийдеш, олхазарш дека, ламанийн басешкахь, вовшашна карраш детташ, акха гезарийн буьхьигаш ловзу, бовхачу малхехь дегӏана там хилла пхьагалан кӏорнеш ӏохку, зурманах дека шийла шовданаш, шабаршца техка къена хьаннаш.
Лайн йийсарера схьахецаделла, стамделла, терсаш охьадогӏу генахь цӏе йоккхуш доцу, амма дуккха а бала лайна, эрчонаш гина, хийлазза шен кӏентийн цӏийца цӏийделла Нана-Нохчмехкан Яьсса-хи. Цуьнан йистойх летта ӏохку цхьа-ши шо хьалха сецначу бехачу тӏамо ирча лар йитина миска йарташ.
Бӏаьсте йу-кх, даим санна, маьлхан, зезагийн, сийначу ӏаламан бӏаьсте. Ӏаламо шениг дитац, цунна бала бац адамийн мостагӏаллин, безаман, бохаман, ирсан. Ӏаламехь даим а шен хенахь хийцало шеран йиъ раж. Хийцало денош, буьйсанаш. Ӏаламо, цхьа цуьрг къайла ца доккхуш, озабезамаш ца беш, комаьрша схьакхийдадо шен токхе рицкъа. Амма иза массаьрга а нийса ца кхочу. Ницкъболчара шайн сутарчу мӏарашца дерриг а маракъуьйлу иза, гӏорасизнаш тӏехьа лаьтта. Ӏаламан ницкъ бац адамашна йуккъехь нийсо йан, харцо хьаша, бакъдерг толо.
Ткъа ӏелина башха хета тӏаьххьара ши бӏаьсте. Иштта бӏаьстенаш цунна ца гина дӏадаханчу дерриг а шен дахарехь. Гина-м хир йу цунна, амма тидам ца хилла. Ган а, цунах марзо эца а лиъна цунна, ткъа аьтто ца хилла. Цуьнан дахарехь дӏаихначу ткъе кхойтта бӏаьстенах, шиъ йоцчара, ӏаьржа бала беана цунна а, цуьнан доьзална а, йуьртахошна а, цуьнан халкъана а.
Ло дӏадаьлча, хьаннаш, ирзош сенделча, зезагаша бай кхелича, Яьссица хьалагӏертачу паччахьан эскарша хӏора шарахь йагайора церан жима Гати-Юрт, хьоьший, хьокхий, дагадой хӏаллакдора цара куьйга къахьоьгуш къица кхиийна йалташ, байлахь буьтура доьзалш, жоьра буьтура зударий…
«Хӏун дийр ду ткъа, Делан кхел йу-кх хӏара. Дӏайели хьо, тхан маршо, дӏайели. Дӏайаха хьо, тхан дай, йижарий, вежарий эцна. Амма тхо, декъаза гоьргаш, йиси-кх, хӏара ӏазап хьега», – ойла йо ӏелас.