Со вен гӏертарш оьзда бу, ткъа ца вала гӏерташ дуьхьало йен со оьздангаллех воьхна! – чордачу машин эттӏачу чоин кач дӏаса а оьзна, баьллачу берзинчу некха тӏе буй туьйхира цо: – Экханчух тарделлий сан дог-м. Хӏара маьлхан дуьне сайга оццул къиза доуьйтурш тало а, байъа а къа ца хета суна!
Пхьаьрсан гола лаьттах гӏортийна тевжина ӏен Маккхал, нис а велла, леррина Къосаман бӏаьргаш чу хьаьжира.
– Къосам, хьо Дала дукхавахаварг, кху хьола тӏе хьо ваьккхинарш и ахь хьийзо миска туркой а, эрмалой а ма бац. И пекъарш-м хьол дукха гӏуллакх тоделла а баций, халла хене бовла гӏерташ бохку. Схьавалийна, кхуза охьакхоссалц, хьо дуьненахь вуй а ца хиъна царна. Церан хӏун бехк бу? Вайн Делан вазаллора, кхузарчу адамаша дика гӏиллакх ма лелий вайца. Хьалхарчу цхьана баттахь шайн ницкъ кхочу гӏо а ма дира. Хӏинца вайн харцхьадовлар а лов.
– Мила ву ткъа бехкениг? Со хазахета веана кхуза? Хьан баьккхина сан бӏаьрг, Мовлин пхьарс, кхечуьнан ност? Хьан даьхна вай дайх, вежарех, йижарех, къоьнгех? Хӏунда веана со кху нехан хийрачу махка? – хеттарш тӏеӏанийра Къосама. – Хьуна хӏун моьтту, Маккхал? Со, ӏелам цахиларх, сонта вац хьуна. Суна хаьара ткъа, герз буйнахь сайн неӏар тӏе хӏитталц, оьрсий дуьнен чохь буйла? Сом, сайн дай санна, цхьанне а новкъа а воцуш, адаман хӏуманаш ца лечкъош, сайн ирзон коржам тӏера сискал йоккхуш, машаре вехаш варий, цара витинехь. Амма, уьш бевзичхьана, цӏийн ӏовраш ӏена нохчийн лаьмнашкахь. Вай хӏун дина царна, хӏунда ца дитира цара вай вешан лаьмнашкахь даха? Со-м хазахета ца веаний кхуза, ткъа цигахь цара сайна тӏехь хӏоттийначу къиззалех ведда, кхузахь мукъане а сайна синтем карорга догдохуш веана! Веана, бӏаьргех хи ца долуш дог доьлхуш, Нана-Даймохк битина.
– Хих веддарг хьера кӏел иккхина бохург хили-кх. Кхузахь мацалла лечул-м, хьаха, паччахьан эскарех леташ, вешан мохк ларбеш, делла дӏадевллехь ма тоьллера. Хӏинца вайга хӏоьттинчуьнга хьаьжча, йалсамани хилла и сийна Сибаре-м.
Оьгӏазаллех вуьзна Къосам, шен къамелан тӏаьххьара дош аьлла, цхьа бӏаьрг тӏе а къарзийна вист ца хуьлуш сецча, хӏетталц бӏаьргаш а хьаббина, меллаша дегӏ техкош ӏийна Маккхал вистхилира: