цомгаш дегӏ бехачу некъо гуттар дожийна Данчӏа. Иза вистхиларе ладоьгӏуш, йехха ӏийра Хеда. Цунна ца хаьара, ша хӏун дан деза. Дуьненахь цуьнан уггар гергара стаг балехь ву, амма дан гӏо дац. «Йуург кхоллур йарий-те хӏокхо?» – хаьттира цо ша-шега, амма цуьнга хатта кхоьрура. Цо, ца йеза аьлла, жоп лахь, иза гуттар кӏелвисаран хаам бара, ткъа Хедина ца лаьара цунах теша. Нагахь хӏума кхоллур йара алахь, дӏайала хӏумма а йацара, берашна кханенна битина цхьа кана мукх боцург.
Хедина дагабеара цхьа кӏира хьалха лула йуьртарчу туркойн зудчо шена беана кӏолдан ши мижарг. Данчӏа цӏа варе хьежош, берашна а ца луш, латтош бара цуьнан и шиъ.
– Кӏалд ма йара вайгахь хаза чам болуш, хьайга иза кхаллалойла хьажахьа, – элира цо эххар а.
– Ца оьшу. Некъо дегӏ гӏелдина сан.
Данчӏа дӏатийра. Иза шен дегӏера бала мел лечкъо гӏертарх, Хедех къайла ца белира. Ша дуьнен чохь йоккхучу хенахь, къаьсттина оцу тӏаьххьарчу баттахь, цомгашнаш, баларш дукха гиначу Хедин цкъа хьалха легашка шад хӏоьттира, делха доьлла дог сецош, дехха къурдаш дира цо, эххар а йилхира.
– Зуда, хьо йоьлхуш йац?
Хӏетталц, цунна хазарна кхоьруш, къайлаха йелха гӏиртинчу Хедас шен сина маршо йелира. Дагна ӏаьткъина бала цо йелхарца байбаре догдохуш, Хеда парггӏат йелха а йитина, иза шега йеачахьана ша ца йаьккхина цуьнан цӏе а йоккхуш, вистхилира Данчӏа:
– Хеда, хьо-м гуттар ледара хила йоллу. Цамгаро а, биначу некъо а гӏелвина, со дӏатерах, иштта кӏелвисина моьтту хьуна? Ӏоьттина дегӏах чекх цамза баьккхина со валийча а, биъ пӏенда аьтта, кхетамчохь воцуш валийча а ца йилхина хьо тахана хӏунда йоьлху? Ма йелхахьа, самадовлахь, берийн а догдухур ду…
– Йилхира, Данчӏа, со-м хӏетахь а йоьлхура, амма хьуна ца гуччу а йуьйлуш… Вайн махкахь хилла бохам атта лало… Цигахь сатоха а, и дӏалиста а атта дара… ткъа кхузахь ненан некхера даьхна бераш санна ма ду вай…
– Хеда! – кхайкхира Данчӏа, иза сауьйзучуьра саццалц а ӏийна.
– Хӏавай.
– Хьан дог хьаьин?
– Хӏаъ.
– Делахь, дика ладогӏалахь хӏета. Уггар хьалха дехар ду хьоьга суна хезаш а, ца хезаш а кхин цайелхар. Вай делхаро хӏумма а нисдийр дац. Кху ткъех шарахь шайн дайшна, вежаршна йуххе а хӏиттина, герз карахь,