ӏазапан дукъ коча а дуллуш, чекхбели и бахбелла тӏом. И дукъ текхош, лай санна вехачул, мичча махка ваьлла а, маьрша вахар гӏоли хетта, кхузашха схьавеа. Хьалха хьегнарг гӏан хетачу дели хӏинца гӏуллакх. Кхузара къаьмнаш мел ӏазапехь дахкахь а, царах хьоьгу со. Шайн дай баьхначу махкахь бу-кх уьш. Алийша, хӏун бехк баьлла вайгара? Уггар ирчаниг хоьржуш, къиза гӏуллакхаш дийр ду-кх ас кху махкахь кхана дуьйна. Дала диканца цхьаьнатухийла вай!
– Сатухур вай, Тарам. Ваьш дийриг цхьабарт болуш дан деза. Хӏор а шена хетарг лело воьлча, хӏаллакьхир ду. Хӏан, охьавижа гӏо. Хӏара шиъ а кӏадвелла, тхуна а набарш йогӏу.
Тарама йаьккхинчу гӏовгӏано самаваьккхина Аьрзу охьахиира.
– Тӏаккха, Маккхал, дийцахьа, хӏун хилира ахь даьхьначу гӏуллакхах? – хаьттира цо, Тарам дӏаваханийла хиъча.
Маккхала кӏоргга садаьккхира.
– Хӏумма а ца хили-кх. Дӏакхаьчначул тӏаьхьа дийнна кӏира делира сан, ӏабдул-Межедна хьовха, ӏела-Пашина а тӏе ца кхачалуш. Эххар ӏела-Пашина тӏе а кхаьчна, цуьнца къамел хиллачул тӏаьхьа, паччахьна тӏевахара тхойша. Вай бахьанехь оьрсашца тӏом боло реза бац уьш. Кху сохьта шайн йукъаметтиг цкъа а ца хиллачу тайпана машаре йу, боху. Амма мацца а цкъа шайний, оьрсашний йуккъехь тӏом болалахь, шу а гӏовтта, бах вайга. Хӏетталц кечамбе. Берсина хьалххе дуьйна гуш хилларг дара-кх цара дуьйцург. Шайл нуьцкъала пачхьалкх дуьненахь а йац, шаьш бен вайн дола дан стаг а вац моттуьйтуш, хабарш-м дуьйцура цара. Амма пайда буй ткъа, цӏога гуш хилча? Россега хьаьжча, дукхе-дукха къен бу хӏара мохк а, кхузара адамаш а. Ткъа ӏедал, бахий ахь, кхин хилча цамаггал къиза ду. Цхьаннахьа а низам дац. Пашанаша, мусассираша, каймакамаша шаьш бол-болчохь шайна луъург до. Адам талийна, чӏанадаьккхина. Къаьсттина чӏогӏа ницкъ бо кхечу къаьмнашна. Чоьхьара хьал инзаре вон ду. Туркойн олаллина кӏел долу къаьмнаш карзахдевлла, ӏедална дуьхьало йо малхбузехьарчу керста къаьмнаша. Хӏокхарна дуьхьалбевлла Багӏдадера схьа Алеппо кхаччалц болу ӏаьрбий. И гӏаттам Мисара баржарна кхерам бу. Туркошна дуьхьало йеш ду, боху, кхин дуккха а къаьмнаш. Доцца дийцича, вайна гӏо дечохь бац-кх хӏорш. Мелхо а, шайн