салам делла, куьйгаш лоьцуш хьешашка маршалла, хьал-де хаьттира нохчаша.
– Хӏорш ӏедалан нах бу аьлла-м, хетац суна, – Маккхалехьа вирзира Аьрзу, духарна беркъа, догӏмашна гӏийлачу хьешашка а хьаьжна.
– Кхузахь нахах коьртаниг везара тхуна, – вистхилира царалахь воккха, жимма битамехь вухавелла, сира маж, лекха хьаж долуш безамехь турко. – Иза муьлха ву шух?
– Коьртаниг аьлча а, наха тхьамда вина хьалхатеттинарг со ву, ткъа хӏорш сан гӏоьнчий бу, – шеца волу Маккхаллий, Чорий, Довтий, Тараммий дӏагайтира Аьрзус. – Стенна хоьттура аш?
– Шух дагадовла дезаш доккхачу маьӏнин гӏуллакх деана оха.
Аьрзу, гондӏа бӏаьрг тухуш, дӏасахьаьжира.
– Делхьа, хьеший, аш ма таро йохийна-кх тхан, – воьхна хьаьвзира иза. – Тхан къоман гӏиллакх ду, кхачанах вузийна, са а даӏийтина, паргӏатваьккхича бен, хьеше гӏуллакх ца хоттуш. Ткъа хӏинца, дуург-мерг хьовха, шу кӏел даха тхов а бац-кх тхан. Кхуза бай тӏе охьа ца хевшича девр дац вай.
Хьешашна сийночуьра бай гайтина, уьш дӏатарбелча, дуьхьал охьахевшира хӏорш.
– Тхох виъ Мушера а, гондӏарчу йалхитта йарташкара а ву, – къамел долийра тохарлерчу туркочо. – Шуьга дийца гӏиллакхе доцуш, амма ца дуьйцуш дита йишйоцу гӏуллакх айъина даьхкина тхо, маьӏ-маьӏӏера цхьаьна а кхетта.
– Вовшашкара даьлларг дашна хьулдина, дегнаш чохь оьгӏазло вай ларйича, гӏиллакхе хир дац. Дийцал аш, бехк ца лоьцуш. Оха сема ладугӏур ду.
Туркочо, даг тӏе куьг диллина, баркалле корта таӏийра.
– Дала, азаллехь Ша синош кхуллуш, хӏор а сина кхоллам йазбина, боху, – долийра цо, Аьрзус деллачу дашо паргӏат а ваьккхина. – Дала Ша шун синош кхуллуш цхьадолу рицкъанаш кху махкахь кхоьллина, оцу рицкъанаш тӏе схьадаьхкина шу. Ша азаллехь йаздинарг кхочушдан оьрсийн паччахь а хаьржина, цуьнан куьйга махках даьхна, Дала кхуза далийна шу. Йа цхьана таӏзарна хир иза, йа цхьана йолана хир иза, и Далла Шена дика хуур ду. Мухха делахь а, цигахь, даймахкахь, аш хьегначу а, кхузахь аш хьоьгучу а бохамашна тхаьш бехке ца хета тхуна.
– Дала лардойла тхо иза дагадогӏучух! – корта ластийра Маккхала. – Мелхо а, оха бехк лоьцу шух.
– Аш баланаш лайний а, амма тахана шуьга хӏоьттинчо хьалха мел хьегнарг шуна