доцуш лилхина. Таханчул тӏаьхьа уьш а совцур ду. Кху цхьана иттех дийнахь кхузара дӏадовла хьовсур ду. Йа малхбузехьа – тхайна билгалбинчу махка, йа къилбаседехьа – тхешан даймахка. Ойла иштта йу, амма Дела хӏун кечдина ӏаш ву хаац. Хӏан, шу чудига хӏусамаш а, хьошалла дан ницкъ а бац тхан. Схьало шайн куьйгаш.
Шена тӏекхаьчча, Аьрзун куьг буйнахь сацийра когаш берзинчу эрмалочо:
– Малхбузехьа доьлхучул, хӏуъу тоьлу шуна. Дан шайна луъург де. Дала аьтто бойла шун!
– Дела реза хуьлда шуна а!..
Тахана ӏуьйранна Мовлица уьйтӏа веанчу цхьана цӏонтарочо кехат кховдийра Мӏаьчиге.
– Гати-Юьртарчу Васала делира соьга хӏара, хьуна тӏекхачахь, дӏалахьара аьлла.
Кхидӏа динчу хеттарех Мӏаьчигна хиира и цӏонтаро кхелхачех тӏаьххьара кхуза кхаьчначу тобанца веанийла. Цаьршиннах дӏа ма-къаьсттинехь, Маккхал волчу дӏахьаьдира Мӏаьчиг, амма велла ӏуьллучу Данчӏина гонаха хьийза уьш хӏокхуьнан кехат деша кхуьучохь бацара.
Кешнашкара шаьш цӏа догӏуш Маккхал цхьа масех минотана тӏаь-хьасацийра Мӏаьчига.
– Васалера долчух тера ду хӏара, – четара схьадаьккхина кехат кховдийра цо. – Дешахьа.
Деалха тоьхна кехат даржийна, хозуьйтуш деша вуьйлира Маккхал:
«Делера шапаӏат хуьлда хьуна, тхоьгара салам-маршалла ду хьоьга, сан хьомсара ваша Мӏаьчиг.
Тхоьгара салам-маршалла, доӏа-весет ду вежаршка Аьрзуга, Маккхале, Чоре, ӏеле, йише Зазуга, вайн берашка…
Ва Мӏаьчиг, шух къаьстинчу дийнахь дуьйна хӏара йурт а, хӏара дуьне а даьсса хета суна а, тхо бухадисинчу массарна а. Йассайелла шун керташ гича, дегнаш доьлху тхан, шу лелла меттигаш гича, ойланаш йуху тхан, шух къастаро хӏара дуьне къахьдина тхуна, шух хилларг цахааро синтем байъина, шун къина кхоьлина лекха лаьмнаш, тийжаш йоьлху сийна хьаннаш. Ва амма, шуьгара кхочуш кост дац, шу дели а, диси а хаац тхуна.
Шух хӏун хили-те, могаш-маьрша дӏакхечин шу, дӏадахале кхузахь шуьга ма-дуьйццу дика нисделин-те шун гӏуллакх? Махках ваьллачун гӏуллакх дика хир ду бохучух теша мел хала делахь а, маршой, нийсой шуна цигахь карийнехь, ма хазахетар дара суна. Тӏаккха, дукха сагатдой Зазус, Зарус, Коьрас? Ибрахӏиман доьзалш мича хьолехь бу? Шуьгара хьал