айса мел лерахь а, господин комиссар, цуьнан чулацамна дуьхьало йан деза сан. Ас дуьхьало йан йезаран бахьанаш хӏорш ду: соьга йеллачу инструкци тӏехь колонизацина база Боккхачу ӏомана уллора Ван а, Муш а, Диарбекирей, Карпутехьай дӏайолу провинцеш а ша гойтучу хенахь, сан правительствос оцу хьокъехь шун правительствоца барт бина хила беза; иштта ца хилча, хӏара айса лелориг ас ца лело а мегара. Соьга тӏехдика хаийтина, Кавказца доза долчу провинцешкахь колонизаци йан йиш йац аьлла вайн правительствошна йуккъехь хиллачу барта тӏехь шатайпа статья хилар. Хьан пурбанца ас цӏераш йоху церан: Батум, Шильдир, Карс, Баязет.
Оцу барта тӏехь цхьа а дош дац Оттоманан Империна чоьхьарчу Азиатски декъа тӏера кхин провинцеш хьахош аьлла, цундела хьо цецвийла ца оьшу айса деллачу омранна тӏехь со сецарх.
Суна йелла инструкци нийса хилар чӏагӏдеш, чӏогӏа оьшуш долу кхин а цхьа бахьана даладо ас, шена тӏехь хьоьга ойла йайта: эмиграце баха нохчийн сацам хиллачу хенахь, сан правительствос царна дош деллера, кхузахь царна лун долу латта цара шайн лаамехь дӏатосучу даймехкан лаьттаца массо а кепара догӏуш хир ду аьлла. Бакъонца цара дехна а, хьакъдолуш ша царна делла а и дош ма-хуьллу уьш резабеш кхочушдаран ӏалашо йолуш, Лекхачу Портас эмигранташна билгалдира церан махкаца догӏу Ванна а, Мушана а гонахарчу провинцийн латтанаш. И ламанхой Эрзинганна а, Диарбекирна а дехьарчу хи доцчу йесачу меттигашка дӏахьовсор – уьш хӏаллакьхуьлийла лаар ду.
Карти тӏе хьаьжча, Хьо тешар ву сан инструкци тӏехь нохчашна билгалйина меттигаш Кавказан дозанна вуно гена хиларх.
Со тешна ву, господин комиссар, ас йина билгалонаш доггах тӏе а эцна, царах лаьцна хаийта деззачу ахь дӏахоуьйтург хиларх.
Императорски комиссар, инарла Нусрет.
25 июль 1865 шо. Карс»
«Кавказски Эскарийн инарла-квартимейстеран декхарш кхочушдечу полковнике Богусловскийга.
№ 10
26 июль 1865 шо.
Селхана Нусретера хӏара кехат сайга кхаьчча, хӏокху тӏерачу цхьацца меттигашна дуьхьало йан тахана иза волчу вахара со. Вайн векалний, ӏела-Пашиний йуккъехь хилла барт ларбаран дуьхьа, ас цуьнга дийхира цуьнгарчу инструкцица нохчий мичахь