лоций.
– Кӏентий, – тийналла йохийра Аьрзун гӏоргӏачу озо, – аш хьовсийначуьра оха деанарг шуна хезна. Кхузарчу ӏедало вайна къастийна мохк стага дезар эца мегаш бац. Хи а дац, хьаннаш а йац. Мокха, даьсса, йокъане гунаш. Дийна йалта а цигахь кхуьур дац. Даьхний лело дежийлаш а цигахь йац. Цхьа а цӏа дац цигахь, вайна хьовха, атталла шайна дина а. Вешан токхечу махкахь даьхначу вайн мохк бац иза. Тхуна хетарехь, нагахь цига гӏахь, хӏара адам бӏаьстенга дер дац. Мацаллой, махкаллой хӏаллакдийр ду. Аш хӏун олу?
– Цига гӏур дац.
– Кхузахь ӏийна девр дуй ткъа?
– Тоьллачуьра мохк схьа а лаьцна, охьаховшур ду!
– Наха лур бац шайн мохк.
– Баьккхича, лур бу.
– Шаьш хӏара дийриг хилча, вай схьа хӏунда кхойкхура кхара?
– Кху наха ца кхайкхина вайга, паччахьо кхайкхина.
– Иза ву-кхи шен ворхӏе дена Делан неӏалт хиларг!
– Цхьамма ала!
– Доцца дийцийча, цига ваха цхьа а реза вац-кх, – элира эзарнчас Тарама.
– Кхин вуй ала лууш?
– Изза ду оха аьндерг а! – гӏовгӏанаш йевлира йукъ-йукъа.
– Ткъа хӏун де вай?
Нахана йуккъера хьалгӏеттира Шелара Довта.
– Аьрзу, хӏара гӏуллакх наха денна дуьйцуш ду. Вай-м оцу Диарбекирера даьсса гунаш хьехадо, кхузахь уггар тоьллачу махка тӏе шаьш ховшийча а, совца резабоцурш а бу. Йуханехьа цӏа баха гӏерта, цхьакӏеззиг доьзалш новкъа бевлла, бисинарш а, шу схьакхачаре хьоьжуш, сецийна оха. Тхуна хетарехь, кхузахь дисахь а – лийр ду, оцу Диарбекире гӏахь а – лийр ду вай. Тоьлург хӏун хета аьлча, меллаша кхузара йуха а девлла, новкъахь велларг дӏа а вуллуш, вешан махка дӏагӏортар ду. Иза ду тхуна массарна а луург.
Шина а куьйга корта а лаьцна, ладоьгӏура Аьрзус наха дуьйцучуьнга. Дерриг цо биначу сацамна тӏедогӏура. Амма…
– Довта, шу бакълоь. Амма туркоша вай дӏа а хоьцур дац, йа оьрсаша йуха дозанал дехьа а довлуьйтур дац. Эрзерумна улло оьзна туркойн эскарш ду, боху, вайнах нуьцкъаша цигара меттах а баьхна, Диарбекире дӏакхалхо. Изза де вайна тӏе а хӏуттур ду.
– Оьрсийн паччахье дехар де вай, ваьш йуха цӏа дерзийта алий? – йуха а долийра Довтас.
– Дуьненан дехьа маьӏӏехь волчу оьрсийн паччахье дехар вай муха до? Моьттур дац, иза Муьше хиъна ӏаш ву.
– Цуьнан камсар ма ву Эрзерумехь.
– Уьстамалахь паччахьан