ас кхана, дӏа а ваьхьна, хьайн дена улло дӏавуллур ву-кх хьо, Соип…
Туркой дӏабаханчул тӏаьхьа оцу дийнан йисина хан а чекхйелира, даим а санна, белларш дӏабухкуш.
Маьркӏажан ламазаш динчул тӏаьхьа туьпахь кхеташо гулйира Аьрзус. Тхьамданашка цо дӏакхайкхийра туркойн инарлица шайн хилла дийцарш. Цхьаъ санна, массо а дуьхьал вара Диарбекиран виллаетан махка кхалха. Нагахь дитахь, кхузахь ӏийр ду вай, ца дитахь, йуханехьа кӏегар гӏур ду, бохура цара.
– Оьрсийн ӏедал дуьхьал ду, боху, вай кхузахь совцарна, – элира Аьрзус. – Ма-хуьллу вай генадаха гӏерта уьш.
Сацам хилира нохчийн гӏуллакх караделла ваийтина Эрзерумехь волчу оьрсийн эпсарна тӏе дехаре нах хьовсо. Билгалвира Аьрзуй, Маккхаллий, кхин шайца цара къасториг а.
Оцу дехачу дийнахь цхьана а минотана охьахевшина садоӏийла ца хуьлуш, кӏадбелла, гӏелбелла, пхьуьйрал тӏаьхьа цӏа бирзира Аьрзугӏар. Ӏелий, Чорий, чукхоччушехь, цӏенкъара хьардаш самса а йаьхна, кӏел верта а даржийна, охьавижира. Аьрзу, ши куьг чуччадоккхуш коьрта кӏел диллина, аркъал дӏатевжира. Цунна хаьара Маккхалан охьавижа ойла йоцийла. Оцу деношкахь цхьанхьара-м карадеана хӏокху мехкан ӏедалх лаьцна йаздина цхьа жайна дара цуьнан, хӏор а буьйсанна ша набаро кӏелвитталц тӏехьоьжуш. Тховса ца хьадира цо иза. Шена охьавижа мотт тобина, ша леррина кхоош лело хьакхаран чиркх латийна, и тӏорказ тӏе а хӏоттийна, шен йозанан гӏирс – эрзан къолам, кхийра шекъадуттург, цӏена кехат – хьалха а диллина, охьахиира иза.
– Ваьшшинца муьлш буьгу вайша? – хаьттира цуьнга Аьрзус, иза йаздан волавалале.
– Мича?
– Эрзеруме.
– Муьлш – ца муьлш дан а дац. Чорий, ӏелий вуьгур ву-кх. Стенна оьшу цигахь ӏалагӏожа?
– Хьо хӏун йаздан воллу?
– Оьрсийн паччахье дехар, – къолам, йухьиган иралле а хьаьжна, шекъанна чу ӏоьттира Маккхала. – Догдиллар, сатер-х хир дай.
Оцу тӏехь сецира цаьршиннан къамел. Маккхал шен йозанна тӏевуьйлира. Ткъа Аьрзу, ши бӏаьрг тоьланан лохачу тховх боьгӏна, ойлане велира. Ойла йора кханенан а, ламенан а… Дуьненан паччахьийн а, адамийн а къинхетамах, гӏоьнах хаьдда, кху нехан хийрачу махкахь хӏаллакьхуьлучу шен къоман вежарийн, йижарийн а. Ойла йора генахь