лаьцна виги аьлла».
– Остопираллахӏ! – корта хьийзабора Аьрзус. –
Хьажахьа, вайн гӏуллакхана цо дина зулам!
«…Доцца дийцича, Тоза шайн Хорачуьра араваларца ӏедало лаьцна. Цуьнца Хорачуьра Хьозин Тозукъ а, Шахьгери а, Новкъин Нӏаьвлаха а, Багин Ногӏамирза а, Абубакаран Эбети а, ӏумханан Къиси а, Хьамин Тӏахӏир а, Хьусайнан ӏисха а, Сангутан Мада а, Цӏен-Веданара Эдиган Девлатмирза а, Даьргӏара ӏарапха а, Эгӏаштара Албас а, Мелчхера Къабаз а, кхин дуккха а лецна. Делан гӏоьнца вайх цхьа а стаг ца нисвелла лецначаьрца, амма Тозас доккха ков эккхийтина вайн гӏуллакхна.
…Вайн гӏуллакхна цхьана агӏор зулам даьллехь а, вукху агӏор тӏаьхьалонна ваьшна пайдехь дерг а хии вайна. Тозас йинчу хьовр-зӏовро кхерийначу Веданарчу полконако шена гӏоьнна Чехкарара эскарш дийхира. Амма цхьа-ши де далале иза кхийтира шена уьш оьшуш цахиларх. Тозас лелийначунна шаьш бехке дац, цунна тӏаьхьа-м муххале а хӏуьттур дацара шаьш, мелхо а, цуьнан тоба йохош гӏо дан кийча ду хьуна бохуш, цунна тӏеоьхура гондӏарчу йарташкара жимма а таронаш йолу нах берриш а.
Полконакна хиира нохчашка шаьш вовшийн байъийтарал атта хӏума дуьнен чохь цхьа а цахилар. Изза дан а дира цо. И хьовр-зӏовр аренга йаржарна кхераделлачу ӏедало Нохчмахкара арадуьйлу дерриг некъаш дӏакъевлира. Гӏойл дехьара вайнах тӏаьхьа а хӏиттийна полконак Мураев веара, Чӏебарлара нах шеца болуш веара цигара наиб, вайнехан зуда йигна и оьрсийн эпсар . Цаьршимма дӏалийцира малхбузехьара схьа Хорача догӏу некъаш. Шайца эзар гергга вайнехан стаг волуш цига веанчу Мустапин Девлатмирзас а, эло Чергазбека а харачошка хабар туьйхира, нагахь кху аренца хьовр-зӏовр йан ойла йолуш цигара стаг охьавалахь, шаьш, лаца а лаьцна, ӏедале дӏалур ву иза аьлла. Чӏебарлара веанчу Жукин Дубас дӏалийцира Органна тӏедогӏу некъаш. Нагахь Тоза Бенахула Яьссица, Ямсоца охьагӏортахь а аьлла, аьккхийн дехарца Кешане далийра Хаси-Юьртара эскарш. Эрсанарчу гӏопе балийра Бердакӏелхьара бӏо. Доцца аьлча, цхьа меттиг тӏехӏоттахь, ваьшна кхерам муьлхачу агӏорхьара схьа бу а, вешан мостагӏ ваьшна йуккъехь вуй а хии вайна…»
1. Кхузахь вуьйцург майор Ипполитов ву.